ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан футболан чемпионатан 12-чу турехь хьошалгIахь, Екатеринбургехь, «Терек» тобано меттигера «Урал» командина тIехь жамI 4:1 долуш толам баьккхарца доьзна, йоккха гIовгIа яьлла цу ловзарна гонах.

И матч «Урало» йоьхкина-м яц те аьлла дуьххьара шеконе ваьлла комментатор Журавель Тимур бехке во цхьаболчара цунна гонаха сел зевне гIовгIа латтарна.

«Наш футбол» телеканалехь цо аьлла: - «Урал»-«Терек» цхьаьнакхетаро сингаттаме ойла кхуллу. ШолгIачу таймехь «Урал» ловза лууш яцара буьрканах. Стенна? Церан ницкъаш кхачийна хила а тарлора я кевнаш лардечу голкиперан гIалато чам байина хила а тарлора.

Со –сайх эхь хеташ Iийр со Скрипченко тобано лелочух. Стенна нисделла шаьш-шайна гол тохар а, оццул ледара шолгIа дакъа а-иза суна хетарехь ширачу къинойн IиндагIаш деха ду бохург ду…

Нагахь цхьа вониг ду аьлла вайн шеко елахь, и шеконаш юкъараллехь дийцаре даро къахкор ю…

Цигахь айа деза иза. Мел хала хеташ делахь а вайн карахь хетаршший, моьттуршший бен хIума дац…»

И къамел комментаторо динчул тIаьхьа "Урал"- "Терек" матч йийцаре яр кхин а марсадаьлла.

«Терек» тобанан инарло директоро Айдамиров Ахьмада «Матч-ТВ» телеканале кехат хьажийна шеко кхуллуш къамел дина Журавель Тимур балхара вохавар доьхуш. И гIовгIа дебаш, шорьяла йоьлча шен лаамехь дарж охьадиллина «Уралан» командин тренеро Скрипченко Вадима.

«Урал»-«Терек» ловзар бахьнехь, дехкина ахчанаш тIехула букмекершца нисделлачу цакхетаршца доьзна Оьрсийчоьнан Инарла прокуратуре арз-леткъам бан дезна «Защита» цIе йолчу юристкомпани долахочун Лалаян Романин.

"Оха ахчанаш дохкучу ловзархойн бакъонаш ларйо суьдехь а, букмекершца дIахьучу дийцаршкахь а, боху Лалаяна Романа.

Ахча дIа ца луш букмекерш дуьхьало еш меттигаш нисло, шина командо барт бина аьлла, шеконаш алсам хилча…»

Цунна хетарехь хIун-мила а ца хьовсуш харж ян ца лаьа цхьанне а, цундела дехна прокуратуре зераш дар.

Кхушара дуьххьала а доцуш «Терек» тобанна гонаха яьлла рогIера шеконан гIовгIа муха кхетайо, ткъаннаш шерашкахь доглозуш, «футбол сиркхо» хьакхаеллачу, зеделлачу хьовсархоша?

ЦIазапIелггал шеконаш елахь а, "Терекана" ловзар дIаделла бохург герга ца дуьту буьркано йийсарехь латточу дукхахболчара.

Царех цхьаъ ву Заводан кIоштера Исаев Мохьмада а.

Мохьмад: «Суна и бакъ ца хета. И хуьлийла а дац. Масала Тереканаа, вукха лахахь йолчу тобанашна а ахча дала тарло лакхахь йолчу командаша «ЦСКА»-но», Спартако» а ишта кхечу топ командаша а. «Урало» йоьхкина матч бохург сунна бакъ ца хетта, амма гIалаташ-м дийлира цу ловзарехь дукха.

И берийн гIалаташ дара бохуш леткъам аш беш «Уралан» инарла директор а вар-кх телевизионехь».

«Тереко» Екатеринбургехь чекхдаьлла ловзар эцца дац аьлла хадам боллуш хьажам болчех ву Теркейист кIоштера футбол езархо Бетризов Руслан, амма ОЬрсийчоьнан чемпионатехь юхкуш,оьцуш матчаш хуьлу бохург цо харц ца до.

Руслан: «Чемпионат чекхйолуш хилча, "Уралан" шортта очкош елхьара теша мегар дара цу хабарх. И ша турнирехь дIо-о лахахь ма ю. Цунна шена хIора очко дешин мехха ма ю.

Со ца теша. Тереко "Зенит" ма эшийра Петарбухехь 3:1 жамI а доллуш. ТIаккха Зенито матч схаелла муха олу. Олийла а ма дац! Шаьш хьалха гол тоьхча толам шайн киснахь бу моттатаделла царна. «Терек» дуккха а дика левзира.

Ас ца боху Оьрсийчоьнан чемпионатехь харцонаш ян а яц. Шортта ю! ХIинцца дукха хан йоццуш «Ростов» тоба эшийра ши футболист ара а ваьккхина, "Спартак" толийтира.

Москва командашкахьа къаьсттина озабезамаш бо суьдхоша а».

«Уралан» тобано шен цIахь хьошалгIа еъначу тобанна ловзар дIадала тахана де а бахьана ца гучех ву соьлжагIалахо, самаха а, гIенах а футболан терахь-статистика коьртехь кхобуш веха Сайдулаев Сулима а.

Сулим: «Со хьаьжира цу ловзаре. Цара и ловзар дIалуш ду бохург суна дага –ам ца деъна хьожучу хенахь. ХIан дIаелла хуьлуьйтур вай, хIунда ло суна бахьана ца го. Бахьана дан ма дац,чемпионат юккъе кхаьчна а яц.

Вуьшта Оьрсийчоьнан премьер лигехь ловзарш духкуш, оьцуш масалш долуш ду, суна хетарехь. «Москва» цIе йолуш команда яр-кх. И шо муьлха дара ала-м ца хаьа суна. Цу командо 26 ловзар дIадаьлча цхьаъ бен толам ца баьккхинера.

Йисина йиъ матч яра цу еаннах кхузза толаме кхечира и «Москва» тоба. И бахьнехь иза премьер лигехь йисар-кх. Ишта меттигаш нислуш лаьтташ ю Оьрсийчоьнан чемпионатехь.»

Футбол хьокъехь къамел мел динарш вовшашна герга балош цхьа хIума тусадели...

Футбол хьокъехь къамел мел динарш вовшашна герга балош цхьа хIума тусаделира, цара массара а магадора Оьрсийчоьнан чемпионатехь оьцуш а, духкуш а ловзарш хилар.

Facebook Forum

XS
SM
MD
LG