ТIекхочийла долу линкаш

«Доза доцу репортераш» дуьненаюкъарчу организацино «Маьршачу прессан мостагIий» аьллачу тептаре ваьккхина Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а. Юкъараллан сайта тIехь зорбане яьккхинчу досьехь яздо уггар коьрта гIакх хилла дIахIоьттина Путинна йозуш йоцу хьосташ, къаьсттина Iедалдайша лелон коррупци Iорайохурш, аьлла.

Кадыров Рамзанна бехкедуьллу Iедалца бIостанехьа ойлаерш Нохчийчохь а, дозанал арахьа а лоьхуш, лоьцуш хилар а, махкара йозуш йоцу пресса хIаллакяр а. Верриг тептарехь 35 политик а, юкъараллаш а ю.

Ву царлахь Белоруссин президент Лукашенко Александр, Къилба Корейн лидер Ын Чен Ким, Мексикера Лос-Сетас зуламе организаци, «Исламан пачхьалкх» шех олу тоба а.

XS
SM
MD
LG