ТIекхочийла долу линкаш

Дубровкехь теракт ярна бехке вечу Закаев Хьасанан кхелан хьалхара кхеташо дIаяхьна Москох

Закаев Хьасан тIехь ечу кхелан дуьххьарлера кхеташо дIаяхьара Москохара тIеман кхелехь.

Оцу гIуллакхан аьлла, цу меттиган лерина го бинера полицин машенаш а, полицин белхахоша а.

Схьагарехь иза динера толлучу гIуллакхан аьлча а, гуран чохь валла стаг бехке во зулам, кIоршме хилар дIахоуьйтуш. Оцу процессан декъашхойл а, кхелан белхахойл а, дукха бара цига баьхкина журналисташ.

И гIуллакх листар схьадиллина хир ду, цундела, луург чуван йиш яра. Бакъду, цигахь хиллачара бахарехь, кхелан керта кхачале, дегIаца леррина таллам бора полицино.

Оццул чIогIа кечамаш а бина йолийна процесс йирзира масех минот яьлча. Кхелхочо кхечу денна тIаьхьатеттира иза.

14 шо хьалха Дубровкера терактехь зе хилларш а, церан векалш а цига дукха ца баьхкинера. 900 ца кхоччуш волчу царех, 50-х бен вацара.

Оцу хьокъехь кхелхочо сацам бира, рогIера кхеташоне уьш, хIоранге телеграмма а тосуш, схьакхайкха аьлла. Йиллина хан: Лахьанан беттан 22-ра де.

Дубровкехь теракт еш гIолаьцна аьлла бехке вечу Закаев Хьасанан адвокатаца Ибрагимов Сулейманца къамел дира Маршо радионо. Цо хаам бира, кхелан кхеташо еха ца лаьттинехь а, цхьадолу хаттарш шайга кхочушдан делира аьлла. Цуьнах иштта элира цо.

Ибрагимов: «Тахана оцу кхеташонехь, цхьаъ-шиъ динчу дехарна жоп делира тхуна. Цо шен кхиин цхьаъ накъост вийхира оцу кхелехь-шен ваша. Иза цунна магийра. Кхечу ханна тIаьхьатеттина и кхелан кхеташо».

Закаев Хьасан дIалаьцна 2014 шарахь аьхка Товбеца- баттахь, Оьрсийчоьне хIетта дIалаьцначу ГIирмера Украине воьдуш.

Талламо гIарабаьккхинчу хаамца, 12 шарахь лехаршкахь хилла волу иза оцу пачхьалкхехь лечкъаш хилла. Паспорт а хилла цуьнан кхечу стеган цIарах даьккхина.

Ларамаза, цIерпошта чохь оьрсийн дозанхоша таллам бечу хенахь, цуьнах шек а бевла цу тIера восийна бохуш, ю официала верси.

Дийцарехь, Украинехь меттигера яхархо а ялийна, цо вина доьзалхо а волуш ву иза. ХIетте а, Оьрсийчу а оьхуш, цхьана юкъана Москох болх беш а хилла, талламо дуьйцург бакъ делахь.

Ткъа, муха хааделла могIарера дозанхочун-прапорщикан Сырых Мариян ша йохьарлаьцна стаг лехаршкахь вуйла-хууш дац.

Москохарчу кхело кхаарийн дийнахь дIаяхьанчу кхеташо, кхечу денна тIаьхьатеттина, Норд-Ост олучу терактехь зе хилчарах дукха нах цигахь гул ца белла аьлла.

Иза хIун бохург ду? Кхело уьш лебийра бу? Шу позицин, бехктакхаман гуран чохь валлочун агIонна Iаткъам хира-м бац цуьнах, аьлла хаттар делча, иштта жоп делира адвокатан Ибрагимов Сулеймана.

Ибрагимов: «Цара цкъачунна шайн дог-ойла хаийтина яц. Уьш ле а бина, цаьрга хотту, кхелан кIелахь валлачунна хIун дан деза, олий. Иза церан бакъо ю. Амма иза хIинца а дийца хьалхе ду».

Дутеатр,бровкера театран тIелатар динера 2002 шарахь ГIадужу-беттан 22 -чу дийнахь.

Норд-Ост цIе йолу, хIетахь гIараяьлла мюзикл цигахь йоьдучу хенахь, иза дIалаьцнера террорхойн тобано.

Ша верриг закъалтан лаьцна вара 900 стаг. Кхаа дийнахь дийцарш дича, чу газ а хецна, цхьа а топ ца кхуссуш мукъяьккхира оьрсийн низамхоша театр.

Ша мел волу террорхо вийнера, цаьрца дIовш а даьлла, веллера 130 закъалтхо а, ах ца кхоччуш шайна юккъахь бераш а долуш. Газ кечйина чухецна, цIераш гIара ца йогIуш болу Iилманчашна мидалш еллера, къайлах.

Террохошна юккъахь хиллачарех массийта стаг вара лехаршкахь. Ша оцу театран тIелатар динчу тобанна юккъахь вара, ша бен цу чуьра дийна араваьлла а вац, бохуш дозалла а деш, цхьа жимма хан яьлча, «Новая газета» корреспондентан Политковская Аннина интервью елира нохчийн хиллачу журналиста Теркибаев Ханпашас.

Цо иштта, гайтинера цунна, Федерала кхерамазаллин сервисо бен луш доцу, миччанхьа, таллам а ца беш, ваха-ван бакъо луш долу кехат а.

И интервью елла дукха хан ялале Теркибаев, къастанза дисинчу бахьанашца велира некъан бохамехь.

ХIинца оцу террактехь дакъалаьцна аьлла лехаршкахь висна цхьа стаг- Дудаев Герихан.

Facebook Forum

XS
SM
MD
LG