ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Журналист маьрша вацахь, балехь ду къам а


ХIора шарахь аьлла дитича кIеззиг долуш, хIора баттахь дуьненан маьI-маьIIерачу меттигашкахь тIелатарш лов журналисташа.

Информацин чехкалла а, цуьнан бес-бесаралла а, шорто а вуно мехала йолчу 21-чу бIешарахь уггаре а оьшучех болх беш болу нах, хетарехь, уггаре а кхерамечух болх беш а бу.

ТIемаш я этнийн конфликташ, экономикан я политикан кризисаш, мацалла я баланаш ловш йолу регионаш, диктатуранаша урхалла де мехкаш – цу меттигашкахь шайн белхан декхар кхочуш дечу журналистийн шайн дахар а, могашалла а терзан тIе а йиллина, муьлхачу мIаьргонехь а шаьшна кхерам буйла хуушехь къахьега дезаш хуьлу.

Ткъа царна дина долу тIелатарш дукха хьолехь хила ма-беззара таллам боцуш, я куьгбехкенарш лаьцна а боцуш, дуьсу.

Къаьстина, и талорш тIом я кхин конфликт йолчу меттехь хиллехь. Iедалан белхахой а, полисхой а нисло, талорхойн агIо лаьцна болуш.

Я хила тарло, журналистана дуьхьал зулам динчу мехкан урхалла и тайпа зуламаш дуьненна гIардовлийта ца лууш, царах йолу информаци а, статистика а къайлакхоьхьуш, нагахь санна и тIелатарш меттигерчу журналисташна динехь-м муххале а.

Ткъа цу заьIапчу Iадаташна дуьхьало ярхьама а, журналистийн болх мехала хилла ца Iаш, хазнехасанна кхераме хиларна тIе тидам бахийтархьама а Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн юкъаралло шен 68-чу сессехь кхо шо хьалха юккъедаьккхина журналисташна дуьхьал деш долу зуламаш бекхам боцуш ца дитийтарна лерина де.

ХIора шарахь лахьан беттан шозлагIчохь билгалдоккхуш ду иза.

И дезде цу дийнахь билгалдаккхар шен бахьана долуш ду. Малихь тIеман тийсадаларех репортаж ян вахана волу Францера ши журналист, Жилен Дюпон а, Клод Верлоне а цигарчу Кидаль гIалахь цабевзачу зуламхоша цкъа хьалха вада а вина, цул тIаьхьа вийнера.

И дуьненна а халонга даьлла зулам меттигерчу Iедалхоша кхин ца толлуш дисира, ткъа меттигерчу полисхоша и бахьана долуш иттех стаг цкъа хьалха лаца а лаьцна, дIахийцира.

Цул тIаьхьа тIеийцира Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн юкъаралло шен лоьмар A/RES/68/I63 йолу резолюци, прессин векалшна ницкъ бар сацоре кхойкхуш а, царна шайн болх барна новкъарлонаш яр емал деш а йолу.

Журналисташна ницкъ бар официале емал дина а, иза сацорна лерина дезде билгал дуьненан юкъаралло даьккхина делахь а, хIетте а и де юккъедаькхинчул тIаьхьа дIадаьллачу кхаа шарчохь башха синтем кхуллу хийцамаш хилла бац журналистийн кхерамазалла ларъярехь.

Еккъа статистика схьаэцча, даханчу итт шарчохь 800 сов журналист вийна шен болх бечу хенахь. Байъина уьш тIеман болчу меттигашкахь а, амма цигахь байъина ца Iаш машаре ларалучу я машаречу мехкашкахь а, масала, Оьрсийчохь йийна йолу Политковская Анна а, Нохчийчохь йийна йолу Эстемирова Наташа а, кхин берш а.

Иштта Украинехь а, Беларусехь.

Дуьненаюкхарчу „Репортераш доза доцуш“ цхьаьнакхетаралло билгалдаккхарца, цу мехкашкахь журналисташ байъар а, царна тIелатарш дар а цара Iедалшна критика ярца а, коррупци гучуйоккхуш репортажаш ярца а доьзна ду.

Ткъа цу зуламашна тIехьа лаьтташ я муьлхачу а кхечу кепара цаьрца зIенехь цу пачхьалкхийн лерина сервисаш хиларна а дуккхаъ тоьшаллаш карадо.

Карарчу хенахь уггаре а дукха журналисташ байъина а, бойъуш а йолу меттигаш ОвхIаний, Мексикой, Иракъий ю, Дуьненаюкъарчу Журналистийн Федерацино шен сайта тIехь ма-яздара. ОвхIанехь, масала, кху шарахь прессин 11 векал вийна. Мексикохь – 8.

Иракъехь - 7. Шемахь, Йеменехь, Пакистанехь, Индехь, Гватемалехь пхиппа журналист вийна карарчу шарахь, Бразилехь – 3. Шишша вийна Либехь, Туркойчохь, Сомалихь, Филиппинашкахь а. Йорданехь, Гвинеехь, Суданехь, Украинехь – цхьацца. Берриш а карарчу 2016-чу шарахь дуьненчохь байъинчу журналистийн терахь 66 стаг ву.

Цу байъарех ур-атталла 10 процент а Iедалхоша теллина я церан куьгбехкенарш жоьпе озийна а бац.

Хьахон догIу, пачхьалкхе кхиина хилар я цуьнан айпе хилар дуьненчохь цу пачхьалкхехь журналисташка болчу хьежамца а, журналистийн бакъонаш ларъеш хиларца а дусту.

Демократин цхьа мехала агIо ларалуш ю прессин маршо а, журналисташна шайн балха тIехь новкъарло ца яр а, церан кхерамазалла Iедало лерина ларйар а.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG