ТIекхочийла долу линкаш

Iамеркан актерна Сигал Стивенна Оьрсийчоьнан вахархочун бакъо елла президенто Путин Владимира. Еарийдийнахь Кремлан сайто бина и хаам. Оьрсийчоьнан вахархочун бакъо оьшу шена масех баттахь доттагIашца Москох хан яккхархьама аьлла, Гезгамашин-баттахь къадийнера Сигала.

ТIаьххьарчу хенахь масийттаза хилира Сигал Оьрсийчохь, Нохчийчохь, ГIирмехь. Путин Владимира хьалхо иштта бакъонаш елира Депардье Жерарна а, боксерна Джонс Ройна а.

XS
SM
MD
LG