ТIекхочийла долу линкаш

Ливин хIордайистехь шозза кема дохаран бахьанашца 230 мухIажир велла аьлла хаамбо Рейтерс агенталло ООН-ан мигрантийн гIуллакхаш луьстучу хьукматан векална Саами Карлоттунна тIетовжарца. Дуьненаюкъарчу миграцин организацино бахарехь 2016-чу шарахь Лаьттаюкъарчу хIорданал дехьа бовлуш 4220 стаг велла. ГIадужу-бутт бовш Цхьанатоьхначу къаьмнинй организацино (ООН) дIахьедира, хIордачохь лечу мухIажирийн терахь дахначу шарахьчул а дистина хир да кху шарахь аьлла.

Бахьанаш царна гора, цигара къайлаха нах дIасалелочу контрабандхоша хIордакеманчу дIасабига магийначул а сов адамаш чудоттар. Иштта царна хетарехь, мухIажиршлахь баларш алсамдуьйлу, Туркойчуьра Греци кхачо маьрша некъ юкъ-кара къевлина хиларна а.

ООН-о доьху конфликташ лаьттачу мехкашкара бовдучу мигранташна кхерамза некъаш дастар.

XS
SM
MD
LG