ТIекхочийла долу линкаш

Немцойн масех гIаланашкахь нохчийн мухIажирш бехачу петаршкахь лехамаш дIабаьхьна полицино.

Цхьаьна дийнахь цхьана хенахь Германин кхаа бундеслаьттахь Iохкучу гIаланашкахь дIаяхьнера немцойн полисхойн тоьллачех тобанаша шайн лерина операци.

Цу операцин Iалашо яра, Нохчийчуьра орамаш долчу мухIажаршна юккъехь меттигерчу совдегаршкара а, бизнесхошкара а, могIарерчу бахархошкара а бахамаш а, ахчанаш а схьадохуш, рекэт лелош болу зуламхой лийцар.

Криминалечу тобанехь хиларна шеконе лаьцначу нехан петаршна полисхой тIелатар вуно кхераме леринера немцойн чоьхьарчу гIуллакхийн министралло, хIунда аьлча, цу хьукматан информацица, мухIажарш шаьш долчуха Германе баьхкинчу талорхошкахь герз а, оьккху молха а хила тарлуш дара, уьш цу герзах пайда эца кийча хиларх шеконаш а яцара Iедалхойн.

Цундела немцойн тоьллачех SEK и GSG-9 цIе йолчу нуьцкъаллийн структурийн лерина тобанаш яхийтинера и нах лаца, чоьхьарчу гIуллакхийн министралло журналисташлахь яржийначу пресс-релизехь билгалдаьккхина ма-хиллара.

Операцин жамIа – 16 нохчийн къомах волу стаг лаьцна, Германехь политикан тховкIело а ехна, цу махкахь Iаш волу.

Царна массарна а Iедало дуьхьалтеттина бехкаш вуно деза ду – дуккхаъчу нахах лаьттачу криминалечу бандехь дакъалацар а, ницкъ а беш, нахана къоланийн тIелатарш дар а, кхерамаш тийсар а, йийсарш лийцар а, еттар а, иштта цхьа могIа кхин а талорш.

И 16 стаг цкъачунна набахтехь валлош ву, дов хатта кечам беш.

ТIаьхьарчу шина кIиранчохь и хIинцалераниг шозлагIа лерина операци ю немцойн нуьцкъаллин структураша нохчийн къомахчу талорхошна я талорхой хиларна шеконе лаьцначу нахана дуьхьал йинарг.

ХьастагIа, ГIадужу бетта 25-чохь иштта хIинца санна немцойн масийта бундеслаьттахь дIаяхьанчу операцин Iалашо яра, нохчийн мухIажаршна юккъехь террорхошца а, ша шех Исламан пачхьалкхе олучу ДаIиш тобанца а зIенехь болу нах лахар, Саксони лаьттарчу полисхойн урхаллин векало журналисташка бинчу хаамца.

Тюрингехь, Гамбургехь, Къилбаседа Рейн-Вестфаллехь, Саксонехь, Баварехь дIабаьхьира Iедалхоша шайн талламаш, шеконе лерина нохчи бехачу петаршкахь а, мухIажарийн юкъараIойлашкахь а лехамаш а беш.

Цуьнан жамIаца, 12 стаг лецира. Саксони лаьттан,- цигахь уггаре а алсамох лаьцнарш бехаш хилла хиларна, - полицино шен официалечу сайт тIехь бинчу хаамца, масех гIаларчу полисхоша цхьаьна юкъара дIаяхьана хилла операци Iедалхоша кечйеш йолу дикка хан а яра.

Цуьнан бухехь 28 шо долчу цхьана Нохчийчуьрчу мухIажаран истори яра. 2015-чу шарахь дуьйна полицино тидамехь латтош хилла и стаг Германи пачхьалкхана дуьхьал доккха терроран тIелатар дан кечлуш хилла, цул тIаьхьа Шема ша шех Исламан пачхьалкхе олучу ДаIиш тобанах дIакхета ваха гIерташ а хилла.

Цу стагана тIехь талламаш бечу Iедалхойн шеконаш кхоллаеллера, кхин I0 нохчийн къомах волу боьрша стаг а, 3 зуда а террорхошна ахчанца гIодеш хиларна. 20 шарера 30 шаре кхаччалца хенаш йолу и нах тIаккха Iедалхоша кIирбелла тергоне а лаьцна, цу нахера пачхьалкхана боккха кхерам бу аьлла сацам бина, полицино уьш бехачу петаршкахь лехамаш бан хан хилла а аьлла кечйинера шайн операци.

Бакъду, лехамаш бича кхин хIара аьлла хIума Iедалхошна ца карийнера. Цхьана стеган петарахь цхьа кIай молха карор бен. И цхьа стаг дIаваккхалца кхин цхьа а ша шеконе лоручех лаца бахьана ца карийра полицина.

Германехь дуккхаъчу шерашкахь нохчашца болх беш волчу адамийн бакъонашларйархочунна Маас Эккехардана хетарехь, меттигерчу полисхоша а, къайлахчу сервисаша а доккхачу декъехь Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша шайга лучу харц информацина тIе а тевжаш, нохчи шеконе лоцуш а, царна дуьхьал талламаш беш а хиларан тоьшалла ду и юхьIаьржоне лерина операци.

Маас Эккехард: „И санна долу хIумнаш муха лелош ду хууш ма ду. Со хIун ала гIерта аьлча, къайлахчу сервисашна юккъехь доттагIалла ду, дотагIаллерчу пачхьалкхарчу, и бохург ду, Оьрсийчуьрчу, хаам боуьйту кхузарчу къайлахчу сервисашка, иштта изий, изий нохчи террорхо а ву, ДаIишан тIемало а ву, олий.

ТIаккха кхузарчара уьш луьйцу, я царна тIехь терго йо, я кхечу агIор хьийзабо. Прессехь вуно йоккха чан оьккхуьйту цу гонахь, иза дуьйцу. ТIаккха и чан хенаца охьаюьжу, ткъа цул тIаьхьа и нах бехке хиллера я ца хиллера бохучух лаьцна кхин цкъа а цхьанна а хIуммаъ ца хеза“.

Цу юкъана, Германин урхаллин цхьаболчу векалша дечу дIахьедарша, мехкан куьйгалла вуно сингаттамехь ю, цу махкахь бехачу вайнахалахь радикале ойланаш яржарна.

Цкъачунна немцойн махкахь нохчийн къомах болчу талорхоша цхьа а терроран тIелатар ца динехь а, Шема а, Иракъе тIаме оьхучу вайнаха Германи шайн садоIаран а, дарбанаш даран а, террорхошна ахчанаш гулдарна а йолу база санна лору цара аьлла хета Iедалхошна.

Facebook Forum

XS
SM
MD
LG