ТIекхочийла долу линкаш

4 де дисна харжамаш хила: Трампана ца моьттучуьра "гIо" кхаьчна


Хилари Клинтон а, Трамп Доналд а, Нью-Йорк

Хилари Клинтон а, Трамп Доналд а, Нью-Йорк

4 де дисна Iамеркехь харжамаш тIекхача. ФБРо Клинтон Хилларин имейлин хьокъехь таллам карлабаккхаро мелла а хьалаяьккхина Цхьаьнатоьхначу Штатийн бахархошлахь Трамп Доналдан рейтинг.

Тахана Цхьаьнатоьхначу Штатийн хIора телеканало дийнахь сарралц дуьйцург а, гойтург а цхьаъ ду: президентан харжамаш.

Муьлххачу а телевиденин а, радион а программийн а, каналийн а коьрта чулацам дIалоцу цу мехалачу барамо.

Цунах тамаш бойла а дац: диъ де бен ца дисна Iамеркан пачхьалкхан президент мила воккхур ву боху хаттарна кху мехкан бахархоша жоп дала.

Цхьа бакъ ду: цу телегойтилаша а, радион программаша а дуьйцучух бакъ хIун ду я харц хIун ду бохург къасто чIогIа хала ду.

Масала, консерваторе лоруш йолчу Фокс Телеканало дийцарехь республиканхойн кандидат волчу Трамп Доналдан алсам аьтто бу президент вала, ткъа нийсса бIостанехь дIахьедарш хеза СиэНэНе, цунах терра либерале хаамийн гIирсашка ладоьгIчарна.

Цундела, таханлерчу дийнахь хала ду билггал президент мила хир ву ала.

Кхечу кепара сурт кхолладелла хеталора кIира хьалха: демократийн кандидатан Клинтон Хилларига президентан дарж кхаьчча даьлла моьттура дуккха а президентан харжамаш тергонехь латточарна.

Цхьаболу республиканхой а бара Трампан метта кхин кандидат муха хьалхатоттур вара техьа бохучун ойла еш.

Трамп эшна ваьлла аьллачу хенахь, цунна "орцах елира" ФБР.

Дукха хан яра ФБР "Клинтонийн Фондан" болх толлу а, Клинтон Хиларис шен доларчу серверехь пачхьалкхан кхерамзаллина мехала долу имейлаш Iалашдар толлу а.

Масех кIира хьалха и таллам дIакъевлинера ФБРо кхин зуламе хIума гучу ца далар бахьанехь.

Ткъа дIадаханчу кIирнах дийрзинчу лоручу цу гIуллакхан хьокъехь ФБРана керла материал караярца доьзна ду и таллам карлабаккхар аьлла дIахьедар дира ФБРан куьйгалхочо Коми Джеймс.

Цу дIахьедаро доккха зе динчух тера ду Клинтонан президентан кампанина: хIетталц хаттамашкахь Трампал дуккха а хьалха хилла йолчу Клинтонан рейтинг гIеххьачул сов охьайоьжна, ткъа Трампаниг хьалаяьлла бохуш Iорадоху нахалахь дIахьочу керлачу хаттамаша.

Цу талламах лаьцна ФОКс Ньюзо бохучуьнга ладоьгIча тардала там бу Клинтонна дуьхьал кеста бехктакхаман гIуллакх дIадолор ду аьлла; ткъа, ЭйБиСига ладоьгIча даг чу ойла тосу цу талламан мах мискъалан зарратан мехал а ца хилар, бохург.

ЭйБиСин хьостанийн дIахьедаршца, ФБРан каракхаьчча тоьшаллаш ладамбоцуш ду.

Клинтонан агIончаш а бу Трамп Путинан накъост ву, Путина Трампана харжамашкахь гIодеш а ву бохуш, Трампана дуьхьалдетташ.

Кест-кеста цхьацца зуда а гучуйолу телегойтиллехь Трамп шеца эвхьазвала а гIоьртира, шега дастаме къамелаш а дира бохуш.

И Iорадахарша хIинццалц Трампан президентан дарже кхачочу новкъана дика новкъарлонаш йинехь а, хIинца цу зударийн терахь чот йоццуш лекха хиларо хьалха санна вон тIеIаткъам ца бо цуьнан президентан кампанина.

Трамп, кху дийне кхаччалц, цу зударийн дIахьедарш ша цхьаъ харцдеш хиллехь а, хIинца цу тIехь цуьнан гIоьнча цуьнан зуда Трамп Мелани а хилла.

ХIинца иза жигара дакъалаца йолаелла шен майрчун президентан кампанехь. Кху масех кIирнахь дуьххьара нахана хьалха йистхилира иза Пенсилванехь. Шен майра Доналд а, цуьнан амал а хастош, дийцира цо цу штатехь шега ладогIа гулбеллачаьрга.

Цул сов, ша Словенехь хьалакхиарх а, Iамерке шен болчу безамах а, Iамерко шена шен дахаран сатийсамаш кхочушбан гIодарх а, дийцира Меланис.

Харжамашна гонахь яьллачу хаамийн кIуркIмано халоне дерзийна муьлхачу кандидатана кхаж тосур бара техь бохучу бахархошна хьалха лаьттачу хаттарна жоп далар.

Оха а хаьттира Нью-Йоркехь вехачу нохчочуьнга Iамерикхойн дог-ойланех. Киран машен тIехь болхбеш хиларо кхачаво Iимран тайп-тайпанчу штаташка. Цундела, тхуна хаа лиира хьаьнга озабезам бо Iамериканхоша бохучу хаттарна жоп:

ГIаланашкахь Трампан суьрташ а ду дIадиттина"

Iимран: "Тахана мила тулур ву билггал хуийла дац.Тахана телегойтило цхьаъ дийцахь а, интернето цхьаъ дийцахь а, кху дийнначу пачхьалкхехь жимачу а, йоккхачу а машенахь дIасалелар нисло сан.

Цундела, цхьанхьа сеццачохь наха дуьйцучунга ладоьгIча, суна кхузахь беха дукхах болу кIайн нах Трампана кхаж таса дог-ойла йолуш хета.

Дукхах йолчу яккхий гIаланашкахь Трампин суьрташ а ду дIадиттина.

Iамеркехь бехачу нохчашна Клинтон Трампал бегIийла хета аьлла кхидIа а дийцира Iимрана.

Бусалбачара кхаж Клинтонана тосур бу"

Iимран: "Кхузахь бехачу массо а нохчочух жоп данлур дац соьга. Суна схьахетарехь кхаж таса йиш йолчу нохчаша Клинтонана тосур бу, хIунда аьлча, Трампо бусалбчу нахана дуьхьал ву ша, бусалба нах арабохур бу ша, бусалба нах чубуьтур бац ша, бохуш къамелаш до цо.

Цундела, кхузахь бехаш болчу дукхах болчу бусалбачара кхаж Клинтонана тосур бу, аьлла хета суна".

Хаамийн гIирсаша Iамерикхошлахь дIабаьхьанчу хаттамаша а гойту вовшахкъесташ терахьаш.

Масала, СиБиэСан а, Нью-Йорк Таймс а газетан хаттамийн терахьашца, Клинтонана кхаж таса дагахь ву 47 процент вахархо, ткъа Трампана 44.

Цу терахьех къаьста Лос-Анжелес Таймсо далон терахьаш: Клинтонана кхаж таса воллу 43 процент вахархо, ткъа Трампана 48 процент.

Тахана цу терахьийн галаморзахаллаш хиларо халчохь латтабо, муьлха кандидат хоржур ву президентан дарже боху и терахьаш тида гIерта тергамчаш а, могIарара бахархой а.

Цара уьш мухха а тидахь а, тIедогIучу шинарин дийно бен билгалйоккхур яц 45-чу Iамеркан пачхьалкхан президентан цIе.

Facebook Forum

XS
SM
MD
LG