ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

10,1 проценте охьаяьлла Нохчийчохь белхазалла


Нохчийчохь белхазалла 10,1 проценте охьаяьлла, аьлла, хаамбо мехкан куьйгалхочун зорбанан гIуллакххоша. Белхан меттигийн къоьлла лахъялар дузу латталелоран, юьртбахаман комплексаш схьаелларца а, бизнес, туризм кхиаме хиларца а, инвесторийн проекташ кхочушхиларца а.

Махкарчу хьасташа зорбанехь дийцарехь, тIаьххьарчу шина шерачохь Нохчийчохь 89 инвесторийн проект кхочушйина, тIелаьцначу кхин а 174 проекто таро лур ю 9,5 эзар белхан меттиг яла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG