ТIекхочийла долу линкаш

Iедалан тIегIанахь ненан маттал говза а буьйцуш, махкахь хьашт-дезаре берзийна оьрсийн мотт а болуш, къаьмнийн синмехаллин каталог кхолла бина сацам беламе хета цхьаболчу яздархошна а, Iилманчашна а.

Этнографаш биста кхаччалц нохчийн маттаца бозабелла Iилманчаш а, лаккхарчу тIегIан маьхькIамхой а болуш, дагалецаме кхеташо дIаяьхьна кху деношкахь оьздаллин министараллехь.

Цу кхеташонехь министаро Дааев Бавдис тидаме диллина цхьацца бахьанешна заманан йохаллехь ламасте хилла схьабаьхкина хиламаш дахарера гуттаренна а байна дIабовларан кхерам хилар тIебазбелла.

Цо чIагIдарехь иза хьакхалуш ду халкъан Iадатех, ламастех, эшарех, хелхарех, халкъан барта кхоллараллах…

«Халкъан Iадат-гIиллакхаш, ламасташ лардан, халкъо заманан кIоргера схьаеъна хазнаш, деза а, перза а мел хилларг дан ца дайта, синмехаллин каталог хIотто еза».

Ишта дIахьедар дина Дааев Бавдис.

Къоман оьздангаллин синмехаллаш йовза вуно мехала ду. Нохчийн къомо историн йохаллехь бина некъ карлабаккхаро гIо дийр тIекхуьучу чкъурана шайн бух-ормаш биц цабалийтарехь.

И декхарш кхочуш дийр ду синмехаллин каталого.

Герггарчу барамехь ишта ойла-хетарг Iорадаьккхина цу кхеташонехь халкъан кхоллараллин Центаран директоро Даудов Рамзана а. Цу хьокъехь хIун хетта бу бохучу Iилманчашна, цIарна цIе яханчу меттан говзанчашна хууш дац.

Цу декъехь со хеттаршка вийлина цхьа могIа яздархошца а, Iилманчашца: Несала бахча санна, сонехь, дIатеттина латто ненан мотт тергамза а буьтуш, синмехаллаш ларлур юй те къоме?

Iедалан тIегIанахь шуьйра пайдаоьцуш, бийцаре баьккхинчу оьрсийн меттан гIоьнца ларьян гIерта маьхькIамхой вайнехан шатайпаналла а, синмехаллаш а?

Цу ненан маттаза дозаделла, цуьнан «кийрара» схьадолуш дац кхидерг дерриге а? Бакъдерг дийцича царна жоьпаш дала яздархо я Iилманча махкахь каро атта дац.

Ма-дарра аьлча уьш хIиттац, гIара а бовлуш, Iедалехь болчеран аьллар-лаамца догIуш доцу шайна хетарг нахала даккха.

Нохчийчуьра хьал-дIахIоттам дика девзачу, Iилманехь охIла болчара шайлахь дечу къамелашкахь кхетадо ненан матте «ког хецца» бойтуш болх а боцуш, дегIах са санна, къомана деза а, сийлахь а мел дерг, цуьнца, маттаца, дозаелла хиларна, синмехаллин каталог хIоттор а, кхидерг лелор а, «биллина Iуьллуш» нохчийн мотт а болуш, тIаьхьло йолуш хIума цахилар.

Махкара дахар тидарх а, хиламаш кхеторах а, тахана ненан матто ловчу гIелонах а дуьххьала дIаолучех, наггахь волчех цхьаъ ву байтанча, гочдархо, меттан говзанча Хатаев Хьусайн.

Цхьана ханна ша геналлехь вара аьлла доцуш цо само йо Даймахкахь тергаллучу дахаран, хуьлучу хийцамийн.

Эмгаро мерабер санна, хьааме, доккха садаккха буьтуш нохчийн мотт а боцуш, синмехаллаш «ягарьян, цхьан терхи тIе дIаяхка санна» каталог кхоллар ладаме, тоаме гIулч ца лоручех ву Хьусайн.

Цу хьокъехь тхойшиннан нисделла къамел цо геннара долийра.

Хьусайн: «Тахана тхоьгахь къоман синбахам, мотт, гIиллакхаш, Iадаташ лардан деза аьлла кхетам бу. Кхетамма-м бу синмехаллаш ларьяр коьртачех коьрта ду аьлла. Амма уьш дерриш Iалашдарехь кIадда а ца до.

Тоьшаллаш до хIара важа дан мега бохуш. ХIун дан деза уьш ца дайта? Цунна жоп ца ло. Къа ца хьоьгу. Билгалдаккха ма деза мотт баланехь хилар. Бахьана хIун ду? Дера ду цу тIе Iилма цадалор. Оха тоьшаллаш до-кх. И мотт а байна, дIо-о мотт а байна бохуш.

Вайн мотт хьалхара а бац, тIаьххьара а бац. Цу тIе догIур тIаьххьара министарийн къамел а. Дан хIума дац. Вайн маттал даккхий меттанаш а делла бохур ду кхана, лама. Беллехь белла-кх халкъ цу тIера юха а даьккхина, матте болх а ца байтина.

Нохчийчохь долу хьал муха ду? Iедалхоша шайггара хьал а хIоттийна, и нохчийн мотт хьехар а, бийцар а осала ду-кх! Iедална хьалха а ду иза осал, нахана хьалха а ду.

Цара дIадаккха дезар и шаьш кхоьллина хьал. Ненан мотт массо доьшийлашка, ишколашка, берийн бошмашка кхачо безара. Физика, математика ма хилийтахь нохчийн маттахь. Нохчийн маттахь хила тарлуш ма ду гуминитаран цикл…

Лаам хилча Iедална хала дацара говзанчийн тоба цхьаьна а тоьхна нохчийн мотт тидаран дошам кхоллийта. ХIара ахча а ду, хIара бохча а ду. Массо дош схьа а карийна, хаза нехан санна чулацаме, онда дошам хила еза иза.

ТIаккха кхана –лама тхо тIедоьрзуш хилча тхуна карор ма бу и ненан мотт. Мотт бацо ма беза. Коьртах куьг а хьоькхуш, "суна хьо беза" бахарх гIуллакх ма ца хуьлу. ТIетаьIIа бацо беза мотт. Ишта бен мотт кхуьуш бац. Бацабаре терра бен шарлуш бац мотт. Каталог хIотто еза. Каталог хIоттийча хIун хуьлу леш мотт а болуш….»

Соьца къамел дина байтанча-гочдархо Хатаев Хьусайн хадам боллуш тешна ву, денбан, болх байта юьхьарлоцуш ненан мотт а боцуш, моттаргIанех тера кепаш лелоро, вайнехан кханенах йозаелла шеконаш дебаяхь бен кхин деш пайдехьа, хьаса боллуш хIумма а дац аьлла.

Facebook Forum

XS
SM
MD
LG