ТIекхочийла долу линкаш

Цхьа ши шо ду Нохчийчохь белхазаллица къийсам болийна. Оцу юкъанна гIеххьа лахделла белхийн къоьллин терахь. ХIинца дечу дIахьедаршца 10 сов процент бен ца йисна иза. Иза а дукха хеташ, Iалашо ю хIоттийна, тIейогIучу заманахь 0 проценте кхачо.

Тахана официала бечу хаамашца белхан меттигаш йоцуш, цунах Iедало ахча луш 62 эзар сов стаг ву. Хьалхалерчу шерашка хаьжча, и терахь лахделла 31 эзар сов процентана.

Социалан хьашташ кхочушдаран министралло бечу хаамашца, дуьххьара и терахьаш лахдаларан бахьана ду махкахь юьртбахаман комплекс шуьйра болх бан йолаялар а, йоккха а, жима а бизнес а, туризм а яржар а, иштта инвестицеш чуялор а.

Кху тIаьхьарчу шина шарахь иинвестицийн 89 проект йолийна боху оцу хьостано дуьйцург тидаме эцча. ТIейогIучу хенахь кхин а 174 цу тайпа проект а ю юккъейоккхур йолуш. Цара а 10 эзар меттиг гергга нахана болх хуьлуьйтур бу.

Белхан меттигашца Нохчийчоьно бала хьоьгуш болу дукха хан ю. Ерриге а Къилбаседа Кавказ а ю оцу хьолехь.

Ткъа муха дахаделла Нохчийчоьнан Iедалшка и хьанна а гайта мегар долу, угр-аттала Европера кхиаме лору пачхьалкхаш а шайх хьоьгур йолу терахьаш?

Дашна ала догIу, махкахь белхазаллица изза терахь 10 сов процент масалла ду, Еврозонехь а ду. Ткъа, Францехь а, Италехь а, кхин а чолхе лаьтташ ду цуьнца доьзна хьал.

Соьлжа-ГIала юккъехь лаьтташ ю белхан биржа олу меттиг. Цигахь дуккха а божарий а, тIаьхьарчу хенахь зударий а дийнахь сарралца лаьтта, цхьаммо болх кховдор бацара теша шайга, бохуш.

Бу царна юккъехь лаккхара дешаран хьукматаш чекхъяьхнарш а, ишколехь ца дешнарш а.

Схьагарехь, тIаьхьарниш гIолехьчу хьолехь а бу, хIунда аьлча, цара хьоьгу бала - церан дахаран кеп ю, ткъа лаккхара дешар а дешна, тIаккха иштта хало а йоцуш коьртаца болх бийр бу ша, аьлла сатийсам а болуш леллачунна хала ду оцу хьолах дIавуола.

Делахь а, яахIума еза, чоь йоьттина доьзал хилча-м хIетте а. Журналист вуйла хиъча, къамел дан ца лаьа биржехь болчарна. Полисхоша даима лоьхку уьш.

Амма хьашто юха а дIахIуьттуьйту уьш цига. Iедалан белхашка хIунда ца доьлху шу, аьлла хаттар делча, иштта жоп делира Расул цIе ю шен аьллачу царах цхьамма.

Суна-м ца хилла Iедалера гIо

Расул: «Со мичча а гIур-м ву балха. Амма 20 эзарал кIезга ахча ца деза суна. Иза а схьа ма ца ло шен хеннахь. Iедалан балха а хIоьттина, цхьана баттахь алапа а эцна, юха эха-шарахь иза ца оьцуш Iен йиш яц сан. 22 шо ду со биржехь лаьтта. Суна-м ца хилла Iедалера гIо».

Соьлжа-ГIалара вахархочунна Акаев Висханна ца хета дуьйцуш долу терахьаш бакъдолчуьн бух тIехь ду аьлла. Болх беш бу нах, мацалла бала йиш ма яций, амма Iедалан, я Iедало нисбинчу балхахь бац уьш, аьлла дийцира цо.

Акаев: «Белхан меттигаш цхьа леррина гонна хир ю. 10 процент-м ца хаьа суна, 60 процент хир ю болх боцуш. Со дукхачу меттигашка балха ваха гIиртина.

Цунах кхин гIуллакх а ца хилла, эцца кибарчиг юьллуш, плитка юьллуш болх беш ву-кх со. Болх бац, аьлла дIаязвина вара со. ХIинца со цига ваха а ца воьду, ас царна дитина и ахча сагIа а дина.»

Грозный-кIоштера вахархо Вараев Адам ша хаъала хилча дуьйна дечиган-пхьар болх бина ву. ХIинца а шен лаьцна белхалой а болуш ву иза. Цунна хетарехь, цхьанна а кепара Iедалан бага хьежа ца оьшу, мехах нехан керт аьхкина а ахча даккха деза. Шеца бу, элира цо, болх беш лаккха дешараш дешна нах.

Болх бан луучунна иза шортта болуш бу-кх"

Вараев: «Болх бан луучунна иза болуш бу. 50 процент вайнахана болх бан ца лаьа. Луучарна а кIезга бан лаьа, алссам ахча схьаэца лаьа. Латта лело а ца лаьа хIинца нахана. Со волччохь бу-кх лаккхара доьшийлаш яьхнаберш. Сан жимахволу кIант а ву соьца болх беш. Болх бан луучунна иза шортта болуш бу-кх.»

Тахана белхан меттиг яц, аьлла Iедалан урхалле хьо дIаязвайта атта дац. Дукха къахьега деза хьо учете царга хIоттавайта. Шайн цIеяккха ца луучу бахархоша билгалдоккху белхазаллин терахь цIеххьана лахдалар оцу бахьанца ду аьлла.

XS
SM
MD
LG