ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн эскархой лазийна Шемахь


Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн урахаллана тIе а тевжаш ТАСС агенталло хаамбо, Шемахь тIемаш бен агIонашна юкъахь маслаIат дечу центран шина эскархочунна чевнаш йина Алеппохь, гуманитаран ковранна тIе тохарш деш, аьлла. Оьшу медицинан гIо а кхачийна, маьршачу гIала дехьабаьхна лазийнарш. Болчу хаамашца, кхи а 50 оьрсийн, Iаьрбойн, Малхбузен журналисташ а баьхна тIамна кIелхьара.

Хьалхо Оьрсийчоьнан зорбанаша хаамбира, Шемарчу Хама провинцехь оьрсийн тIеман кеман ца даьлла охьахаа дийзира, кемалелочарна зен ца хилла, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG