ТIекхочийла долу линкаш

3 де дисна харжамаш хила: Iамеркехь бехачу Оьрсийчуьрчу бахархойн харжам - Трамп


Хилари Клинтон а, Трамп Доналд а

Хилари Клинтон а, Трамп Доналд а

Iамерканхошлахь дIахьочу хаттамийн Iорадахаршца, тIаьхьарчу кIирнах Трамп Доналд тIаьхьакхиа волавелла Клинтон Хиларина. Iамеркехь беха дуккхахболу Оьрсийчуьра схьабеввла бахархой а бу Трампана кхаж таса ойла йолуш.

Цхьаьнатоьхначу Штатийн бахархойн президентан харжамашкахь шаьш къобалвечу кандидатана кхаж таса кхо дей бен хан ца йисна.

ХIора дийнахь бахархошлахь дIахьочу хаттамаша гучудоккху де дийне мел долу а Трампана гIорто ечеран могIарш шорлуш хилар.

Ша аьлча, кху цхьана кIирнах цунна агIончийн терахь алсамдаьлла 24 штатехь, ткъа 11 штатехь лахделла. Клинтон къобалйирш аласамбевлла 13 штатехь, 22 штатехь лахбелла.

Ткъа пIераскан дийнахь цу ФБРо дIахьочу талламехь Iорадаьлла Клинтона дуьхьалдохучу кехаташна юкъахь харц кехаташ хилар.

Масала, Iамеркан сенаторан Карпер Томан цIарх Клинтоне яздина, ФБРана каракхаьчча кехат, ша и яздина ца хилар а, и харц кехат хилар а дIахаийтина цу сенаторо ФБРе.

И кехат цхьамма цуьнан цIарх яздина хиларал сов, цо официале лелочу бланках a тардина и харц кехат яздинчара, бохуш дIахьедо сенаторо.

Цу хиламо хIинца юхха а карладаьхна Оьрсийчоьнан къайлах сервиша Трампана харжамашкахь тола гIодеш ю боху хьалха дуьйна даьржина хилла къамелаш.

Цкъачунна къаьстина дац цу сенаторан цIарх долу и харц имейл цу талламана юкъадахийтарехь Оьрсийчоьнан къайлах сервисаша дакъалаьцна хилар.

Ала догIу, ФБРо тидаме эцначу имейлашна юкъахь цу кепара харц имейлаш дуккха а хила тарло. И чолхе хаттар листоран дукъ тIедоьжжа хIинца ФБРана.

Оьрсийчоьнан Iедал хIинца кху махкахь дIабоьдучу харжамашкахь Трамп толаре сатуьйсуш хилар хаало цу пачхьалкхан хаамийн гIирсаша дуьйцучуьнга ладоьгIча а, уьш дешча а.

Iамеркехь дIатарбелла бехаш дукха а гIаскхий а, Оьрсийчуьра кхечу къоман векалш а бу. Царах дуккхах берш беха Нью-Йоркехь а, Лос-Анжелесехь а, Балтиморехь а.

Дагестанера вахархо, Гаджи Сайдулаев, Балтиморехь веха 16 шо хан ю. Цул хаьлха итт шарахь Нью-Йоркерчу Брайтан Бич кIоштехь а ваьхна иза.

Цунна бевза Балтиморехь а, Нью-Йоркехь а беха дуккха а Оьрсийчуьра кху махкахь баха хевшина бахархой.

Гаджига хаьттира ас Iамеркехь хинболчу президентан харжамех церан дог-ойланах лаьцна.

Оьрсийчуьра юкъаралла Трампан агIор ю"

Гаджи: "Дукха хан йоцуш цаьрца цхьаьнакхетар хиллера сан. Оьрсийчуьра юкъаралла коьртачу декъана Трампан агIор ю.

Оьрсийчоьнан тIеIаткъам хила тарло и, хIунда аьлча Кремло тахана гIорто йо Трампана.

Оьрсийчоьнан президентан Хиларица йолу юкъаметтиг дика йоцучух тера ду. Хиларига болу цуьнан цабезам Iамерко Оьрсийчоьнан дуьхьал юкъаяьхначу санкцешца боьзна хила там бу.

Цундела, суна схьахетарехь кхузахь беха оьрсийша Трампана кхаж тосур бу".

Гаджис деллачу жоьпо гойту, церан дог-ойла Кремлечух къаьсташ ца хилар.

Билгалдаккха деза, Iамеркехь беха дукхахболу нохчий, Трампо шен дIахьедаршкахь бусалба нах сийсазбахар бахьанехь, Клинтонана кхаж таса дагахь бу.

Цхьана пачхьалкхара баьхкина белахь а, Iамеркерчу нохчийн а, гIаскхийн а политике болу хьежам къаьсташ хилар бIаьрла гуш ду кху президентан харжамашкахь а.

Facebook Forum

XS
SM
MD
LG