ТIекхочийла долу линкаш

Исламхойн «Ал-Къайда» тобан баьчча вийна Iамеркхойн эскарша ОвхIанистанехь аьлла, хаамбо Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн тIеман министраллин векало Кук Питера. Цо чIагIдарехь, ОвхIанистанан Къилба Малхбалехь тобанан лидер Ал- Катани Фарук вийна бахначу беттан 23-чу дийнахь Кунаре провинцехь. Ал-Катанин гIоьнча вер бакъдуй тооллуш бу тIеман инарлаш.

Кху аьхка Iамеркан кемано хIаллакбира «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобан хьалханчаш ОвхIанистанехь а, Пакистанехь а.

Хьалхо Шемахь вийна аьлла кхайкхийра оцу тобан лидеран гIоьнча Аш-Шишани Абу Iумар.

XS
SM
MD
LG