ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан културин 140 гIуллакххочунна Украине некъ бихкина пачхьалкхан кхерамзаллин хьукмато. Украинан къайлахчу сервисийн официала жоп, Фейсбукерчу шен пена тIехь зорбане даьккхина «Порошенко Петран Блокан» цIарах Лакхарчу Радан депутато Червакова Ольгас.

Документо гайтарехь, царех 50 културин белхахочунна дахначу шарахь дуьйнна дихкина ду Украине бахка. Шайн пачхьалкхан интересашца церан гIуллакх а, официалехь ден къамелаш а догIуш ца хиларна аьлла кхетадо Украинано царна некъ бехкар. Хьалхо пачхьалкхан културин министралло 83 Оьрсийчоьнан а, дуьненаюкъарчу а културин гIуллакххой билгалбехира, Украинана кхерам бохьуш хиларца.

«Iаьржачу тептаршка» бехира Газманов Олег, Кобзон Иосиф, Безруков Сергей, Боярский Михаил, Расторгуев Николай, Лепс Григорий и кх.дI.

Земфира а, Макаревич Андрей, Шевчук Юрий, Ахеджакова Лия, Баселашвили Олег, Гафт Валентин «кIайчу тептаршкахь» бу

XS
SM
MD
LG