Полшехь Нохчийчуьра мухIажирш хир бац, аьлла, дIахьедина пачхьалкхан чоьхьарчу гIуллакхийн министро Блашак Мариуша. Нохчийчохь тIом бац, Полшин доза къевлина ду, аьлла Блашака.
Министро чIагIдарехь, Нохчийчоьнан коьрта Iалашо – Малхбузен Европа ю. Цхаьболчу хьастийн хаамашца, 2000 гергга Нохчийчуьрчу бахархоша тховкIело ехна Полше.