ТIекхочийла долу линкаш

Туркойчоьнан президенте ЭрдохIан Реджепе тIемалой схьабоьхуш дина дехар жоьпаза дуьсийла луурш кIезиг бац.

Мехкан куьйгалхочо Хонкар махкахь лецна бохучу тIемалойн хьокъехь ЭрдохIан Тайипе дIахьийтина кехат шуьйра дийцаре даьккхина хаамийн гIирсашкахь а, интернет машанехь а.

Ма-дарра аьлча, Iедалехь болчара лечкъа ца до уьш лецарх шайна хилла хазахетар.

Лецна бохуш кхайкхош берш бу Оьрсийчоьнан ницкъашна герзашца дуьхьало еш тIамехь бахчабелла, меттигера ницкъаллин структураш еххачу хенахь Iаткъамечу ладегIамехь кхаьбна, мух-мухха а боцу гIаттамхойн баьччанаш Вадалов Асланбек, Газиев Тархан, Саидов Махран.

Уьш къиза, даккхий зуламаш дина, вер-ваккхарш деш хийлаза эскархошна, низамхошна, маьршачу нахана герзаца тIелетарш дина талорхой бу. Цу кхаамма вийнарг ву лаххаре а шовзткъане гIоьртташ стаг. Герггарчу барамехь чулацам ишта болуш Хонкар пачхьалкхан президенте Эрдоган Тайипе кехат хьажийна Кадыров Рамзана шен махкахой схьабоьхуш.

«Тхо тешна ду Инарла прокуратуро и талорхой схьабоьхуш оьшуш мел долу кехат хьем ца беш дIакхачор ду аьлла. Ас вуно чIогIа дехар до хьоьга и зуламхой схьабаларехь гIо-накъосталла дар доьхуш. Iаламат маьIне дара и талорхой кхела хьалха хIиттор».

Ишта яздина мехкан куьйгалхочо шен дехар-кехатахь.

ЭрдохIана Тайипа тIемалой хьокъехь муьлхачу сацаме вогIур ву ала хала ду.

Бакъду, могIарерчу нахана хетачух аьлча,церан цуьрриг шеко яц, нагахь уьш Оьрсийчоьне схьалахь, цу кхаанне а дийна воллушехь жоьжагIате гойтур хиларан.

Цунах дуьйцуш ву кхузара хьал дийцарехь а доцуш тIех дика вевзаш волу Соьлж-гIалин кIоштан Дойкар эвлара Мовсар.

Кхара дов суьде кхочуьйтуш а дац

Мовсар: «Уьш схьалойла суна-м ца лаьа. Вадалов, Газиев кхара валхош волу дукха хан ю, цергаш хьекхош.

Бакъду, галбевлла и кхо кIант кхера карлой, дуьне диъна бевлла-кх уьш.

Иза-м хаьа суна. Кххечу пачхьалкхашкахь санна бехке лоруш волчуьнан, цуьнан бакъболу бехк къаста а беш, кхара дов суьде кхочуьйтуш а дац.

Цул сов кху Оьрсийчохь а, цуьнан кIошташкахь а ву боху тIемало дийна схьалоцуш ван а вац – вен а вуьй дIавоккху.

И ирча суьрташ, цара шаьш гайта а гойтуш, кест-кеста нислуш ду Дагестанехь а, Кабардахь а, луларчу ГIалгIайн махкахь а, Нохчийчохь а …

Шайн луъург тIехь кхолла а кхуллуш кхара-м бехке воцург а во хIаллак…»

Хонкар пачхьалкхехь лаьцна бохучу тIемалойн, нагахь уьш ОЬрсийчу схьабалабайтахь, церан хила тарлучу кхолламах дийцина Мовсар чIогIа сатесна ву ЭрдохIана уьш схьакхачо пурба лур дац аьлла.

Царна тIехь ницкъ беш, уьш сийсазбеш, Iазапе лоцур бу кхара"

"Ас ткъех шарахь болх бина полисхойн урхаллехь. Суна дукха бевзина лаьцначу стагана тIехь шайна луъург кхолла а кхуллуш, кханенан ойла яр доцуш, къизалла гайтина талламхой.

Суна лаъане лаац, стогаллех, доьналлех бохо, боьхачух хьожа ца йогIучу кхузарчу ницкъаллин структурийн кара уьш кхочийла.

Царна тIехь ницкъ беш, уьш сийсазбеш, Iазапе лоцур бу кхара».

И къамел динарг ву заводан кIоштехь могIарера полисхо болх бина, тахана пенсехь волу соьлжагIалахо. Иза цхьа вац шен хьажам-ойланца.

Facebook Forum

XS
SM
MD
LG