ТIекхочийла долу линкаш

2 де дисна харжамаш хила: керла хаттамаш - хьалхалера толамхо


Германи – Клинтон Хиллари а, Доналд Трамп, шаьш язйинчу биографих лаьцна женан хьалхарчу агIонна тIехь

Германи – Клинтон Хиллари а, Доналд Трамп, шаьш язйинчу биографих лаьцна женан хьалхарчу агIонна тIехь

Цхаьнатоьхначу Штаташкахь харжамхошлахь дIахьочу хаттамаша билгалйоккху Клинтон Хиллари толамхо санна. Хаттамех къаьсташ хир ду я дац цу харжамийн жамI хаа ши де бен ца дисна.

Шот а, кIиран де а Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь мукъа денош делахь а, Клинтон Хилари а, Трамп Доналд а садаIа йиш йолуш доцийла гуш ду хаамийн гIирсашна тидамбечарна. Ши дей бен ца дисна цу шинах цхьаъ кху нуьцкъалчу пачхьалкхан президент хила.

Шоьтан дийнахь Невадерчу Рено гIалахь шен агIончашка вистхуьлуш волу Трамп, цIаьххьана иза ларвечу къайлах сервисерчу гIаролаша сихонца микрофон хьалхара дIавадийра кхерамза лоручу метта. Цул тIаьхьа гулбеллачарах цхьа стаг схьа а лаьцца, гIишлонна чуьра араваьккхира цара.

7 минот тIаьхьа юхавеанчу Трампо баркалла элира шена орца баьхкинчу къайлах сервисерчу белхахошна. Кхерамна кIелхьарваьллехь, президент вала цуьнан аьтто лахбелла бохуш гучудоху керла кху тIаьхьарчу диъ дийнахь дIабаьхьанчу хаттамийн жамIаша.

Керла хьесапашца, Трампана кхаж таса реза ву 82 процент республиканхо, ткъа Хиларина 87 процент демократ. Гуттар а демократашна кIезиг кхаж тосу къилбехь а ву 46-45 процент Клинтонана кхаж таса лууш. Лаккхара дешар дешна йоцу 63 процент кIайн зуда Трампана кхаж таса дагахь ю, ткъа Клинтонана царах 29 бен кхаж таса лууш яц.

Лаккхара дешар дешна воцу 59 процент кIайн стага боху, шаьш Трампана кхаж тосур бу, царах 29 процент Клинтонан агIор ву.

Лаккхара дешар дешначу кIайнчу зударех Клинтонан агIонча 58 процент ю, ткъа Трампан 38. Лаккхара дешар дешна 52 процент кIайн стага къобалво Трамп, ткъа 38 процентана Клинтон ган лаь президентан даржехь. Ала догIу, кIайн боцчу боьршачу нахашлахь Клинтонига озабезам болуш 75 процент ву, Трампига 17 процент.

Цхьаьнатоьхначу Штатийн нехан барамах ши процент бен воцчу жуьгтех Клинтонана кхаж таса кийча 73 процент ву, Трампана царах 18 процент бен вац кхаж таса дагахь. Трампана уггар чIогIа гIорто йираш кIайн протестанташ бу. Царах 78 процент цуьнгахьа ву, ткъа 16 проценто Клинтонан агIо лаьцца. Цхьа а дин ца лелочу харжамхойх 63 проценто Хиларина кхаж тосур боху, Трампана – 25 проценто.

Юкъарчу барамехь схьаэцча, Цхьаьнатоьхначу Штатийн харжамхойх 47 процент реза ву Клинтонана кхаж таса, ткъа 43 проценто шайн кхаьжнашца Трампана гIорто йийр ю боху.

Иштта ду кху тIаьхьарчу диъ дийнахь харжамхошлахь ЭйБиСис а/Вашингтон Посто а дIабаьхьначу хаттамийн терахьаш. Цу терахьаша Клинтоне кхийдабо толам, амма харжамийн де тIекхача хIинца а ши де дисна. Кху дисинчу шина дийне бер буй техь и толам бохучу хаттарна жоп дуьненна а хуур ши де даьлча.

Facebook Forum

XS
SM
MD
LG