ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Брексит" ярна дуьхьалонаш лов Британино


Пачхьалкх Евроберта юкъараяларехь парламенте дуьхьалонаш цаяр доьху Британин премьер-министро Мэй Терезас. Лондонан Лаккхарчу кхело еарийдийнахь сацам бина, парламентан пурба доцуш брексит яр доьхкуш. Дукхахболчу депутаташа тIе ца дуьту Евроберта юкъара довлар. Кхелан бехкамна дуьхьал апелляци лур ю аьлла чIагIо йина премьер-министро.

Британин урхалло доьху парламентера бакъоне ца йоьжуш, аьхка дIаяьхьначу референдуман жамIашца «Брексит» яр доладайтар. ХIетахь 52 процент бахархоша Евроберат юкъара довла лаар дIахаийтира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG