ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дай-наношкара бераш дIадахар нийса дуй?


Норвеги - Iедало бераш дай-наношкара дIадахарна резабоцучийн протест, Осло, 05Лах2016
Норвеги - Iедало бераш дай-наношкара дIадахарна резабоцучийн протест, Осло, 05Лах2016

Европерчу цкъа цхьана махкахь, тIаккха кхечу махкахь берех боху бахархой кегийчийн хьал тергалдечу хьукматаша. Церан могIаршлахь кест-кеста нисло нохчийн мухIажирш а. Доьзалшкара бераш дIадахарна цхьаболучара дай-наной бехкебо, кхечара – Iедал.

Цуьнца дузу Маршо Радионо шен кху кIиранан хаттар. Шуна муха хета, дукха хьолехь бераш дай-наношкара дIадахар стенца дозаделла хуьлу? Нийса дуй берийн бакъонаш ларъярехь Европера Iедал оццул сема хилар? Я дуй те бехке шайн берашца шога хиларна да-нана?

ХIоттийначу хаттаран хьокъехь вистхила лаам болучарна йовзуьйту тхайн телефонаш.

Прагера телефон: + 420 724 019 832

Горгали а баийтина, охьайилла а мега телефон, тхо тхаьш девр ду шуьца зΙене.

СМС яийта тарло тхан Москохарчу телефон тΙе: + 8 926 23 60 4 65.

Ватсап, Вайбер, Телеграм ю тхан: + 420 724019832

Хетачух лаьцна яздан йиш ю тхан сайте а: www.radiomarsho.com.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG