ТIекхочийла долу линкаш

Дажалалдинов Рамазан карош вац гергарчарна


Ramzan Djalaldinov

Ramzan Djalaldinov

Шаройн кIоштарчу Кенхин вахархо Джалалдинов Рамазан ву кIирандийнахь цIера аравалларх ца карош, хаамбина цуьнан юьртахоша. ДIаяйина ю телефон а. Джалалдинов гIаравелира цо Шаройн кIоштарчу коррупцех лаьцна массех бутт Путине видео хьажийча. Цул тIаьхьа цуьнан цIа дагийра, ша Джалалдинов ведира цIера.

Мила ву цуьнан хIусам ягийнарг, хууш дац хIинца а. ТIаьхьо доьзал Кенхи цIабахара. Iедало Шаройхь тодан долийра цIенош, некъаш, дилла долийра хи, газ.

XS
SM
MD
LG