Украинерчу Одессан губернаторо Саакашвили Михаила дитина шегара дарж. Бахьана кхайкхийна цо, пачхьалкхехь реформаш лелаш яц, цунна бехке ву президент Порошенко Петро, аьлла. «И сакхт ган а гуш лела», аьлла цо Одессехь Фейскубехула. «Одессан мохк Украинан мостагIий карахь бу» - аьлла даржийна Саакашвилис.
2004-2014-чу шерашкахь президент лаьттина иза Одессан губернатор хIоттийра Порошенкос дахначу шеран бIаьста. Оцу хенахь дуьйна меттиегрчу коррупцица къуьйсуш схьавеара Саакашвили. «Мел битта беза аьшпаш, мел деза къам Iехо?» - аьлла дара цо Украинан президенте камерашчухула дина хаттар.
Президентан администрацино дIахьедина, цкъачунна дарж Саакашвилигара дIа ца эцна президенто, амма дуьззина толлур ду бахьана, аьлла.