ТIекхочийла долу линкаш

Марехь йолчу 23 шо долчу яхархочо шен къайлахчу везаре ахча а лой, воьйту шен цIийнда. ЦIийнда новкъара а ваьккхина, кхечуьнца керла доьзал кхолла Iалашонца. 35 эзар сом ахча ло цо везарна герз эца. Юьхьарлаьцнарг кхочуш а до шиммо а.

Амма хэппи эндаца ца доьрзу гIуллакх. Шинна а яккхий хенаш туху набахтехь яккха.

11 шо хьалха шен зуда ерна мукIарло дина цхьана стага. Зудчаца дош дашера даьллачу хенахь, цуьнах тешам барца, йийнера ша боху майрчо.

ГIалин юьстахарчу хьуьнан асехь ор чу а йоьллира ша боху, ша динчун хьулам беш. Кху 11 шерачохь оцу безачу балано ницкъбина, кхин дIа детта са а ца хилла къера хилла, тIевеана ша боху Iедална.

Шен майра балане ваьллачу зудчо цIийнден доттагIчуьнца гергарло а тосий, кепаш лоьху цхьаьний новкъара ваккха шен берийн да.

Шаьшшиъ юьстах а долуш, полисхойн карах валар а нисдеш хIоттайо цу шиммо сценарий.

Амма кхочушъяр ца нисло. Ший а набахте кхачош йоьрзу истори.

22 долчу жимачу зудчо шен хиллачу цIийндена бекхам беш, цуьнан тапча а лачкъайой таксхо воь. Талламчашна гергахь иза зуламна кIелхIоттош. Ша йитар ца лайначу зудчун лаам хилла цIинйда набахте хьажо.

Дайша олуш ма хиллара, нахана даьккхинчу ор чу ша вужу. Тахана маршонех хьоьгуш тутмакхалла тIедоьжна оцу зудчунна.

Къаьркъа а мелла цIа веанчу хIусамдас шен зудчуьнца девне а волий, къизаллица етта цунна. Орцах баьхкинчу лулахоша Iедале а, лоьрашка а орца доккху. Дарбан цIийнехь кхин кхетаме а ца йогIуш кхелха и зуда.

ХIара хиламаш бац Кристи Агатин, Артур Конан Дойлан детективаш юкъара сюжеташ.

Хала хеташ делахь а, Нохчийчохь тIаьххьарчу шерашкахь адам дер, моза бер санна хетачу адамашкара дуьйлучу къизаллин масалш ду хIорш.

И тайпа зуламе хиламаш бийцаребеш олуш хеза гонаха цхьаболучара, шаьш шайна бехказло лоьхуш санна: «тIеман ларш ю», «тIамо тIеIаткъам бо адаман психикана, галбоккху кхетам лайначу Iазапаша» а бохуш.

Ткъа вукху декъо дуьхьалтуху дайн, нанойн масалш. 13 шарахь махках бевлла, мацалла, хьогалла, къизалла, халонаш лайначу церан хIунда тоьана иман, адамаллех ца боха, аьлла хета царна.

Хеттарш ойланашка мел вуьйлу алсамдуьйлу, амма баккхийчара бахарехь, кху замаман адамийн дегнашчуьра къинхетаммий, адамаллий, динца болу лераммий хIинца хабарехьа бирзина, дагчуьра дIа а баьлла…

Сибрех мацаллин шераш лайна, тIеман шерашкахь яьсачу юьртахь шен цIийндеца ша йисина, кеманийн, танканийн тIееттарш ловш, хан яьккхинчех ю Сирж-Эвлара Замани.

Цундела лаа дацара Маршо Радион цуьнца къамеле довлар.

Стенна яьржина нохчашлахь къизалла? Юй-те и тIеман хьу? ХIунда дац те тахана адам шайн ворхIе дай санна къинхетаме, вовшашца доглазаме, лулахочуьнга вуон деача, дийнна урамо кевнаш доьллуш.

Оцу хеттарштIера долийра охашимма къамел.

ТIамо хIаллакдина къам, цамгарш еана - и ю тIеман тIаьхье

Замани: «Суна муха хетий? ТIеман хенахь 6 баттахь оцу тIеман бухахь дисира тхо. Баларш, мацалла, тоьпаш тохар, и мел дерг гина ду тхо.

И дерриге а лан доьналла хила ма деза. Со доьналла долуш ю бохург дац сан и.

И къизалла цхьа могуьйту-кх вай. Чохь барт бац вайн. Вашас йиша а йоь, кхидерг а дерриг долуш ду кх вайна юкъахь.

Амма сайгарчу къизаллина бехке кхиниг ву ала ца хIутту со. Соьца йолуш ма ю и къизалла, Дала чу са кхуллуш санна, са чу юьллуш ма ю и къизалла. ТIамо хIаллакдина къам, цамгарш еана - и ю тIеман тIаьхье. Амма со галъялар, ас сайна хIуъа а магийтар, цунна сан сайн бехк бу».

Заманис тIе ца дуьту тIамо маьршачу бахархошлахь къизалла кхиайо бохург.

Ткъа психологаша а, лоьраша а чIагIдо тIамо адам шогалле до бохуш.

ТIемаш бирзина, йохийна гIаланаш, ярташ меттахIоттийна, дахар а тоделла догIу Нохчийчоь, схьадийцарехь.

Ткъа кхи а мел хан-зама оьшу те нохчийн дегнийн чевнаш ерза, цамгарх къам хьалхадала?

Испанерчу психологаша дукха хан йоццуш талламаш бинера 137 цIера а, акха а дийнаташлахь къизалла муьлхачу барамехь ю адамашца дуьстича, зуьйш.

ЖамIаша гайтарехь, адамашкахь къизалла алсам хааелла дийнаташкахьчул а.

Гарехь, бакъ бу Iилманчаш, ницкъбар, гIелояр адамийн цIийца ду.

Facebook Forum

XS
SM
MD
LG