ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркан президентан харжамаш тергонехь бу дерриг а дуьненан


Iамеркахой шайна керла президент хоржуш бу тахана мехкан иэсехь уггаре къовсаме баьхкинчу харжамашкахь. Хан меттигашкахь цхьаъ яцаре терра, Цхьанатоьхначу Штатийн малхбалерчу штаташкахь харжамийн каппаш еллалуш, Нью-Гемпширехь, масала, болалуш бен бацара политикан и барам. «Со чIогIа ирсе ю, - элира Клинтон Хилларис харжамийн цIийнера ша шен цIийндеца цхьаьна арайолуш, - хиндерг наха сингаттамехь кхобийла а кхетош, кху чуьра араяла атта дац». Иза исторехь дуьххьара зуда ю Штатийн коьрте кхача тарлуш. Иза, я республиканхо Трамп Доналд – иштта бу Iамеркахойн тергам тахана. Мехкан 44-гIа президент Обама Барак, афроамерикахо ву даржах мукъаволуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG