ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муха го Трамп Европерчу политикашна


Трамп Доналд
Трамп Доналд

Цхьаьнатоьхначу Штатийн презибентан харжамашкахь Трамп Доналд толаро цецбаьхна Малхбузера тергамхой. Амма и толам кхето хала доцийла хаьа царна – хIунда аьлча, Трампана кхаж тесинчарна юккъехь дукха бу, Клинтон Хилларина шайн аьзнаш ца далархьама и харжам бинарш...

Цхьаьнатоьхначу Штатийн 45-гIа президентан цIе Трамп Доналд ю. Иза кхеташ хилира кхаари дийнахь Москохарчу хенаца делкъа хена, дукхахйолчу Iамеркерчу штатийн харжамийн каппашкара кхаьжнаш дагардинчул тIаьхьа. Цу кепара президентан харжамашкахь толам баьккхина республикхойн партин векало. Ткъа цуьнан конкурент, демократийн партин векал йолу Клинтон Хиллари эшна, ша эшарна цо хIинцале а мукIарло а дина. Трапмца шен хиллачу телефонехула къамелехь шен дуьхьалонча толамца декъал а вина харжамийн фаворит ларалуш хиллачу Клинтонс.

Харжамаш шинари Iуьйранна буьйлабеллера Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь. Цу сарахь тIаккха харжамийн каппаша тIаьхьара аьзнаш дала баьхкинчарна тIаьхьа шайн неIарш дIакъевлинчул тIаьхьа яьллачу ехачу буса доллучу дуьнено вуно боккхачу тидамца ладийгIира цу харжамийн духхьарлерачу, хIинца а билгал толамхо къастон йиш ца лучу жамIашка.

Сахиллалца корт коьрте хIоьттина результашаш гойтура шина кандидато, цхьацццайолчу штаташкахь Клинтон жимма хьалхайолуш, вукху штаташкахь иштта башха гена валар доцуш жимма Трамп хьалха волуш. Делахь а, кхаари Iуьйранна кхеташ хилира, Трамп Доналда бериш а 538 харжам бан шайгахь бакъо йолчу нахера толамна шена оьшуш долу 270 аз даьккхинийла. 70 шо долу Трамп цу кепара Обама Баракъал тIаьхьа тIедогIучу, мел кIезга а, деа шарана КIайчу ЦIийна да хир ву. Иза 20I7-чу шеран дечкен беттан 20-чохь инаугураци а йина шен даржаш кхочуш дан волалур ву.

Хьахийна ма-хиллара, Клинтон Хиллари яра харжамийн фаворит ларалуш. Трамп Доналдан къамелаш товш берш мел дукха белахь а, ткъа иштта ша Клинтон Хиллари дерачу капитализман векал лоруш, иза а, цунна тIехьа лаьтта ницкъаш а емал беш берш мел дукха белахь а, хIетте а хьекъалан аз популистийн озанал тулур ду боху тешам хаалора тIаьхьарчу деношкахь президентийн дарже шина кандидатан харжамийн программа тергалйеш хиллачу Малхбузерчу аналистийн комментарешкахь. Ткъа харжамийн жамIаша цу тергамхойх цхьаберш Iадийча санна битина.

„Дуьненчохь уггаре а нуьцкъалчу пачхьалкхено цхьа а политикан белхан зеделлларг а доцу гIишлошйархо шен президент хаьржина. Ша шех диктатор вина волу стаг, шен агIончех а тIаьхьа кхаьрдаш волу, оьзда гIиллакхехь вистхилар емал деш волу, демократийн ламасташ аьшнаш деш волу. Нагахь санна хIинца ша дарже кхаьчча мукъане а иза хийца ца лахь, Трамп харжарх Малхбузерчу демократина цхьа далатохар хир ду.

2016-чу шарахь Iамеркахоша неофит хаьржина, „Iамерка юха а сийлахь йоккха ер вай“ боху лозунг айъина лелаш волу – дуккхаъ шерашкахь президентан хIусамнана а, Нью-Йоркера сенатор а, пачхьалкхан секретар а санна шен махкана къахьегна йолчу зудчунна метта“, - иштта яздо шен харжамийн жамIашна леринчу артиклехь Файненшнл Таймс газетано.

Шен рогIехь Германерчу тIеIаткъамечу Ди Велт газетано гIайгIанца дуьйцу, Трампан толамо Германина а, йоллучу Европина а бан там болчу тIеIаткъамах лаьцна. Хууш ма-хиллара, доккхачу цавашарца а, кхардамца а йийцаре йора Трампас немцойн канцлер Меркел Ангела шен харжамийн программехь, ткъа Цхьаьнатоьхначу Штатех Германи хилийта йиш яц вай бохург цуьнан лозунгех цхьаъ яра, немцоша дукха мухIажарш тIеэцарна нундохуш.

„Цецвоккхуш Трампас толам баккхар – иза Путин Владимиран толам а бу, - бохуш яздо газетано. - Кеста Меркел Ангела националисташий, популисташий го бинчу пачхьалкхан куьйгалхо хила мегаш ю. Ткъа Путинна шена Iамеркехь хилийта лууш йолу администраци кхаьчна. ХIинца рогIехь Германий, Франций ю. Францехь Оьрсийчоьнан президентан Ле Пен Марин га лаьа цунна урхаллехь. Ткъа Германехь муьлха мах белла а урхаллера Меркел дIаяккха лаь цунна“, - иштта яздо Ди Велт газетано.

Амма Трамп Доналд президент валар зенехь дац, мелхо а гIолехь хила мега аьлла хеташ а бу аналисташ. Царех цхьаъ ву Европерчу стратегикаллин талламийн институтан Iилман белхахо Асхабов Хьамзат. Маршо радиоца шен хиллачу къамелехь цо иштта кхетабо и шен хьежам.

Асхабов: „Дуьххьара вайна гуш дерг – Iамеркехь нехан харжамах оьзна дуккхъ хIума хилар ду, шайн тIеIаткъам бешшехь, наха шайна луург харжа йиш хилар а ду, халкъан лаам лоруш йолу система цигахь хилар а. Вуьшта, Трамп хаьржинера аьлла дуьненчохь баккхий хийцамаш хир бу аьлла ца хета суна. Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимирс шен дашо варкъ даьккъинчу Кремлерчу зала чохь массо а пачхьалкхийн векалш а гулбина, Трамп декъал а веш элира, иза харжаро Оьрсийчоьнан, Iамеркан юкъаметтигаш вуно тойийр ю аьлла. Амма иштта баккхий сатийсамаш цуьнан толамца бозар суна нийса ца хета. ХIунда аьлча, президентан даржехь волу стаг милла а велахь а, цигара политикан система иштта атта хийцалур яц.“

Цу юкъана Австрехь а, Германехь а, Францехь а цхьамогIа кхечу тергамхоша хIинцале а тидам бина ша президент ваьллийла кхеттачу Трамп Доналда ша дуьххьара цу ролехь журналисташца динчу къамелехь вуно собаре а, оьзда а вистхиларна. „ХIинца, шен Iалашоне ша кхаьчначул тIаьхьа, Трамп хийцавала там бу, эпатаж ян гIертар дита а дитина, пачхьалкхан коьртехь волчу стагехь товш йолчу кепе а воьрзуш“,- аьлла яздинера Австрерчу Стандарт газетан авторо Штайнверфер Андреас цу хьокъехь.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG