ТIекхочийла долу линкаш

Iамерко юхайохур яц Оьрсийчоьнна тоьхна санкцеш


Оьрсийчуьрчу совдегаршна, политикашна, корпорацешна, цара ГIирманна анекси ярехь дакъалацарна тоьхна лела санкцеш юхайохур яц Цхьанатоьхначу Штаташа, дIахьедина Пачхьалкхан Депатаментан пресс-секретара Тонер Марка. АхгIайре Украине юхаяллалц лелар ю санкцеш, аьлла Тонера.

Санкцеш тоьхнера аьлла Оьрсийчоьно ца совцийна шен эскарш, герзаш Украине хьийсор, амма Кремл декхарейина Украинаца дипломатин тIегIанехь конфликтан чаккхе леха, Минскехь бинчу бертаца а догIуш, аьлла Тонера.

XS
SM
MD
LG