ТIекхочийла долу линкаш

Кадыров Рамзанна хаа таро яц мел ахча лур ду Нохчийчоьнна тIедогIучу шарахь, аьлла RNS агенталле Оьрсийчоьнан финансийн министра Силуанов Антона. «Ахча бюджетехь доькъуш доцу ахчанаш цкъачунна билгалдаьхна а дац, цундела кIезиг я дукха ахча лур ду бохург хьехо а маьIна дац», - боху Силуановс.

Шеца оцу хьокъехь Нохчийчоьнан векалша къамел дина а дац, билгалдаьккхина министро.

Хьалхо Кадыровс тIедогIучу шеран бюджет хьехочу цхьана кхеташонехь ша реза вац элира 2017-чу шарна махка хьажо къастийначу финансийн барамна. «Вай хIинцца бен когахIуьттуш а дац. Пробемаш шортта ю. Махкахь цхьаьнхьа йоцу дийнахь кхаа рогIехь бераш Iамош школаш ю, вайн экономика ю кхио езаш», - элира хIетахь Кадыровс.

XS
SM
MD
LG