ТIекхочийла долу линкаш

Канадерчу мехкдаьттан Genoil компанино а, «Грознефто» бартбина Нохчийчохь маьIда лохуш а, доккхуш а юкъарло латто. Дийнахь-буса 3,5 миллион баррел ягориг яккхарх лаьцна ю проект. Genoil мехкдаьтта халчу хьелашкахь даккха а, сурсатах кхоччуш пайдаэца а Iеминчу компанех ю.

Иза доцуш а, Genoil Китайрчу компанешца цхьаьна Нохчийчохь мехкдаьтта чекхдоккхучу индустрин дакъа дилла лерина а ю – 6 миллион тонна мехкдаьттах ягориг кечъеш хир ду иза. Бан леринчу белхашна ахча латтор ду Китайрчу банкаша. Массо а проектийн мах бу 50 миллиард доллар.

XS
SM
MD
LG