ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кенхира Джалалдинов Рамазан дийна ву


Вайна, гергарчарна карош воцу Шаройн лаьмнашкарчу Кенхира вахархо Джалалдинов Рамазан зIеневаьлла бакъоларъярхочуьнца Ганушкина Светланица шегара хьал довзуьйтуш.

«Иза могуш-маьрша ву, Нохчийчохь а вац, леха а ца оьшу», - яздина шен Фейсбукан агIонтIехь Ганнушкинас.

Иттех де хьалха ведда Джалалдинов шен цIера. Цул хьалхо иза а, цуьнан зуда Назират а Соьлж-ГIала чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовсна Алаудинов Аптина тIедигина хилла. Джалалдиновс дийцарехь (къамел ша дIаяздина шегахь ду боху цо), цо шен юьртан гIайгIанаш балхор ца дитахь, байинчу ЯмадаевгIарех, бакъоларъярхочух Эстемировах, политиках Немцовх хилларг хир ду баьхна цуьнга.

Алаудиновца цхьаьнакхетар чекхдаьлча, Джалалдиновгара а, цуьнан воьIера Мохьмад-Хьабибера а паспорташ дIадаьхна, ткъа Рамазанан телефон Шаройрчу полицин буьйранчо бердах кхоьссина. Гобинчу цIийнера халла ведда, ЧIаьнтакх хих а ваьлла, Дагестане а кхаьчна, къайлаваьлла Джалалдинов.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG