ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Доьзал белла газ бахьанехь


Виъ стаг велла, леттачу газах дIовш а даьлла. Белларш: дай-наний, церан 2-4 шераш долу бераш. Болийначу талламо къастина, петар чохь цара шаьш хIоттинчу газца хи дохдечу пешо и технабехк бинийла. Иштта шеконаш ю талламхойн, и пеш хIоттинчу говзанчо, иза нийса дина ца хиларна. Цундела, и стаг а ву жоьпе уозо мегаш. Талламан комитета, хIинцале гIуллакх долийна, ларамаза нах байар, юккъелоцучу 238 артикалца.

Газо гIуллакх деш хиларх дIа а боьлла, дукхачу нехан семо яц, цуьнца боьзна гIирс хIоттош а, лелош а. Тахана Нохчийчохь, дукха меттигаш яц, ша шех довха хи чудогIуш. Цундела наха петарш чу а, яьккхийн гIишлош чу а хIиттайо газца хи дохде пешаш. Ткъа, дIахIотто хууш-м ша верриг ву.

Говзалла йолу стаг а ца оьшу олий хета. Амма иза иштта доцийла гойту, хуьлучу бохамаша. Оцу пеша чуьра хIаваI туьнталги чухула хьалаузуш ца хилча-яьгначу газах схьайолу кIормуьсталло дойу чуьра адамаш. Цундела, сема хила безара нах, и масалш тидаме а оьцуш, аьлла дийцира Маршо Радиога Шела кIоштера вахархочо Абумуслимов Лом-Iелас.

Абумуслимов: «Газ вайна ма хаара дика хIума ю. Амма лело ца хаахь-кхераме хIума ю. Хьалха а хIинца а яра леррина сервисаш уьш лелош. Газца сема хила веза. Сан лулахочун яра газ дIаоьхуш. Бераш а дара цуьнан ловзуш цигахь лелаш. Ас дIаяьккха аьлча, суна реза а воцуш дIаяьккхира цо. Амма суна бен ца хета, цуьнах коьртаниг, бохам ца баьлчхьана».

Газах болучу кхерамех шуьйра дуьйцуш делхьара, нах а леш, бохамаш кIезгалура бара аьлла хета Абумуслимов Лом-Iелина. Ишколашкахь а, берийн бошмашкахь а шуьйра дийцар хьов, и гIирсаш кхерам боцучу агIора лело Iамо безара, аьлла билгалдаьккхира цо.

Абумуслимов: «Газах болучу кхерамех ца кхета вай. Газ чохь гулъелча, чуьра стогар ма латабе олу. Иза стогарах кхерам болуш олуш ма дац. Ток латочу суй тухий, цуьнах цIе йолун дела олу».

Оцу газах долу зенах нах кхеташ ца хилар даре до, ша а оцу тIегIанехь болх бечу Соьлж-ГIалара вахархочо Казбеков Саламос. Хийла доьзалехь чоьнаш йохъеш, газпеш а латайой дIабуьйшу. Хийла сам ца бевларш а бу царах цхьаберш, аьлла дийцира цо.

Казбеков: «Газ йогуш хилар бен, цуьнах шайна пайда болий бен ца хууш нах дукха бу. Ткъа, цуьнах долу зе ца хаа. Газ чохь латийна ягийча, цо вай садоьIу хаваI дойу. ТIаккха, кIормуьсталла чуийзича, наб а кхетий, сама ца волу стаг».

Тахана Нохчийчохь, газах дIовш даьлла, я хIусамех цIе яьлла таIзар дина, жоьпе уозийна нах хаабелла бац. Дала яздинера иза-м олий дIадерзадо юккъараллехь. Масех шо хьалха, луьйчучу чохь хи дохдечу пеша тIера туьнталг дIа а яьккхина, ехха хенахь латтийнера цхьана доьзалехь. Эххара цуьнах дIовш а даьлла хIусам нана а елла висира цIийнада. Дала яздина хилла цуьнан иштта ялар хилла элира тIаккха а. Тезет дIадирзина шо даьлча, шена керла нускал а далийна, керла доьзал кхоьллира стага. Газах елларг-м цуьнан берийн дагалецамашкахь бен ца йисна.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG