ТIекхочийла долу линкаш

Шаройн лаьмнашкарчу Кенхира Джалалдинов Рамазан вуьйцу 9 бутт бу. Шайн юьрт меттахIотто Iедало луш долу ахчанаш а, белхойн алапаш а маьхкамхоша идууш хиларх лаьцна, Путине орца доьхуш, яккхина ведео яржарца доладелира иза. ХIетахь дуьйна хьаькамаша нажжазво иза. Карарчу хенахь а дезна цIера вада.

…Iедалхойн тIеIаткъамах кхеравелла цIера ведда а лелла ламанхо. Цо Орсийчоьнан перзиденте арз динчул тIаьхьа муьлш бу ца хуучу наха цуьнан хIусмаш а ягийна, сихонца дагабевллачу юьртахоша катоьхха гулам а бина, шайн аьллар тIера ваьлла аьлла и шайх дIа а хервина.

Эххар тIаьхьа юьртах а ваьлла,ведда лела кIордийначу цуо,шена гечдар доьхуш, урхаллехь берш шена къинтIера а баьхна. Амма иза тоаме хиллачух тера дац. Цхьа могIа бакъонашларьярхоша даре дарца Джалалдинов Рамзан,лаккхарчу тIегIа маьхькIамхочо кхерам тасар бахьнехь юха а ведда цIера. Кху лахьанан беттан хьалхарчу деношкахь дуьйна иза ца карош,я дийна ву, вацца а ца хууш кIира гергга хан яьлла.

Низам лардечу урхаллин хьостано Iорадаккхарца, доьза вайна ламанхо лахар шен тидам-тергоне эцнера мехкан прокурро Абдул-Кадыров Шарпуддис. Iедална тIе шеконан IиндагI-томмагIа ца даийта джалалдинов муха вайна хьовса аьлла, декхаре беш, шен белхой ир-кара хIиттийнера Iедална муьтIахь,кху тIаьххьарчу итт шарахь адамийн бакъонашларьечу урхаллин хьаькам волчу Нухажиев Нурдис.

Цу тIе «Кавказан узел» агенталло хааме ма-даккхара, Нухажиев Нурди резавоцуш хилла ницкъаллин структурашна а хале, Джалалдинов карош воций, кхечу бакъонашларьярхошна хаарна. «Кхеташ дац,- аьлла Нухажиевс,- Джалалдинов вайний низамхошна а хаале нохчийн, тема яцош болчу каляпингIарна стенна хаьа цунах хилларг?

Цу тIехула тIе, хаарал сов цара цу сохьта дийнна цхьа мор бахьана –хьелаш дагардо, шаьш тоххара дуьйна а гIарваьккхина кхайкхош волу ламанхо къайлаввларан хьокъехь». Ишта дIахьедар дина Джалалдиновх дог лозуш волчу бакъонашларьярхочо.

Амма, дукха бахархошна доккха хIетал-метал хилла лаьтта, Нухажиев коьртехь волчу урхалло а, мехкан прокуратуро а,адамийн бала кхочург а хилла само еш,цкъацкъа зевне дIахьедарш дар а, ткъа дукха хьолехь полисхойн векалша, бахархошна низамо магош боцу тIеIаткъамаш беш, лело харцонаш ца гуш санна,партал Iар а.

Вайнаха шаьш даре а деш, бух а,бохь а боцуш машенаш гIуданан социйлешка дIакхийлар, бакъо йоцуш, низамо доьхкуш доллушехь нехан газаш дIахедор, доцу бахьнаш а хIиттош, Iедалхошна Iотталуш хIума аьлларг,махкахь и сий-лараме,вевзаш,везаш стаг а,юьхьша а хилар чоьте а ца оьцуш, кхеле а кхачош, таIзарш дайтар а ишта кхин а, кхин а. И дерриге кхузахь массо вола а воьлла могIарера гIуллакх ду. Махкахь цу тIегIанера гIайгIане масалш дукха хиларна, вер-ваккхарш биста кхаччалц,масала хьехархо Ежиев Хизар, Эстамирова, СайдулаевгIар, лецна набахте хьежийнарш а, леца а лецна, лерга мехий дохуш,»кхета а бина» мукъабаьхнарш-м бийцина а вер вац.

Кхузарчу хьолах а, Джалалдиновна гонаха яьккхинчу гIовгIанах а дуьйцуш ву дуьйцуш ву махкара хьал-хиламаш тидамехь латтош волу Шелан кIоштера вахархо Билал.

Билал: «Суна дика хета прокуратура а,бакъонашларьярхой а бала а кхевчча, и вайна стаг лаха арабовлар. Со а ,кхиберш а цецбовлург хIун ду? Кху чохь полисхоша шайна ма тов низамаш талхадо амма изза прокураптура а.я вуьйш а хIумма а ца хилча санна Iад Iа бала а боцуш.

И нийса ма дац. Дукха масалш ду нахе харцонаш кхийдина а,кхийдош а. Амма цара пIелг пIелгах тоьхна хIумма а ца до,нахана орцах ца бовлу. Нохчийчохь а доцуш кхечанхьа цхьа хIума хилча оццу Нухажиевс само йийриг,бала кхочург а хуьлий гIовгIа йоккху. Амма кху чохь долчунна,мел харцо лелаяхь а иза хIуттуш вац дош ала. Ишта Iаш низамхой а бу цхьа кIадбоццу хIумнаш юьхьар а лоьцуш».

Шаройн кIоштан Кенхи эвларчу Джалалдиновх Рамазанах а,цунна гонаха кхолладеллачу хьолах а дийцинчу Билалина моттарехь и ламанхо вала а волуш,самукъаненна къайлаваьлла вац. Цунна бакълена а тIебазбелла ондда кхерам бу. ЛадегIам алсам а боккхуш новкъадогIург ду боху цуо, ишта цу кепара могIарера нах бIарзбар,холча хIиттабар кхузахь кест-кеста нислуш бакъдерг хилар.

Цунах, ницкъ болчара шайн дог-ойлане, хьекъале хьажжина шайггара дечу таIзарх хьалха бовлуш бац, гIийла лол бетташ беха ДжалалдиновгIар а, цаьрга нийсса махкахь а, цул дехьа а дика бевзаш болу кхоллараллин нах а: бакъонашларьярхой, журналисташ, иллиалархой, Iилманчаш.

Facebook Forum

XS
SM
MD
LG