ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iеламча Абу Валаа лаьцна полицино


„Дукхах йолу доьзалера проблемаш кхоллане а кхоллалур яцара, нагахь санна партнераша цхьацца пайдабоцу теманашна тIехула девнаш ца дахахь. Доккхачу декъехь цхьа бен а доцу хIума хуьлу, шех доккха питан долий, майрчун-зудчун барт бохош дерг“, - иштта ду ша полицино лацале цхьа де хьалха ша шех Абу Валаа аьлла цIе а тиллина, салафийн тобанашна хьехамаш беш а, Германехь джихадхойн идеолог ларалуш волчу Iабдел-Iазиз Ахьмада.

Джихадхойн хьехамчано майрчуна-зудчунна шайна юккъера барт-марзо ларйарехь хьехарш дар тамашийна дац. Ма-дарра аьлча, берриге а хьехамаш а, доллу дахар а аьлча санна интернетехь доккхуш волчу, социалан машанийн жигара лелорхо волчу Абу Валаас шех хьехам ца беш цхьа а дахаран агIо ца йисина ала мегар ду.

Амма уггаре а алсамох хьехамаш, аьлча, эладиттанаш дора цо шен конкурентех лаьцна, аьлча а, кхечу салафистийн тобанийн хьалханчаш болчу нахах лаьцна, цара дуьйцург аьшнаш а деш, уьш куффарна бохкабелла хиларна бехке а беш. Масала, уггаре а луьра шен мостагI волуш санна вийцаре вора Абу Валаас Европехь шуьйра вевзаш волу хьехамаш бархо Фогель Пьер, я вуьшта цо ша шех йоккхучу цIарца аьлча, Абу Хьамза.

Цхьана хенахь ши доттагI хилла волу Фогелий, Абу Валаай къастийнарг доккхачу декъехь ДаIишах долу хаттар дара. Нагахь санна Абу Валаа ша ша шех Исламан пачхьалкхе олучу террорхойн тобан леламаш бакъбеш хилар а, уьш нийсачу некъа тIехь лоруш хилар а къайла хьош вацахь, Пьер Фогел -Абу Хьамза, мелхо а, ДаIиш тоба бусалба дин сийсаз дан араяьлла тоба лоруш ву, ткъа цу тобан декъашхой, уьш мел дика Iалашонаш юхьарлаьцна арабевлла белахь а, мел кIезга а харцахь манхьадж, аьлча, методика йолуш лоруш ву.

Цул совнаха, Фогелс Имам Нававин белхашна тIе а тевжаш чIагIдо, бусалбачийн кхин ца хилча ца йолуш хила езаш яц я Халипат я Бусалба пачхьалкхе а бохуш.

И вовшашна бIостане болу хьежамаш бахьана долуш дов даьлла волчу шина салафистех цхьаъ, Абу Валаа хIинцачул масех бутт хьалха цкъа лаьцнера немцойн полицино. Ша йоццачу ханна набахтехь сацийначул тIаьхьа араволушехь цо дIахьедар дира, ца лацийтинарг Пьер Фогел а, цуьнан нах а бу аьлла.

Абу Валаа: „Фогел а, цуьнан админш а, Дала юхьIаьржа хIиттабойла уьш берриш а, мел дукха суна тIе пIелгаш хьежийра цара, юх-юха а ДаIиший, Абу Валаай, ДаIиший, Хилдесхаймий, ДаIиший, Нидерзаксений бохуш. Цара цу кепара гIодир царна со лаца. ГIо дина ца Iаш, цера-м самукъадаьллера, кхаьрдаш а бара уьш-м. Ас сайн дешнийн тоьшалла далор ду.

Масала, цо масийта видео йина, хьоме йиша-ваша, сой, Хилдесхаймера маьждигий ДаIишца зIенехь деш йолу. Цкъа олу цо Имам Нававис Исламан пачхьалкхе ца оьшу аьлла, сан видеш а гойтуш. ТIаккха олу цо Имам ШафиIис Абубакар БагIдади харц хилар гойтуш ду, юха а сан видеош а гойтуш. ТIаккха а олу цо, ДаIишна дуьхьал митинг яйта вайга олий, Хилдесхаймехь и митинг яре а кхойкхуш.

ТIаккха тамаша а ма бац, Iедало иштта йоккха операци тхуна дуьхьал яр. Кхоьру-кх Iедал, нагахь санна шаьш бусалба лоруш болчара а тхох кхерам бу бохуш хилча, тхо ДаIишца дузуш хилча, тхан маьждиг уьш дIакъовла гIерташ хилча“.

Амма Абу Валаас ша Iедало дуьххьара лацарна шен конкурент Пьер Фогел бехке вахь а, иза лаца бахьанаш Фогелс ца делча шортта дара Iедалхойн, цара и стаг хIинцалца гаррехь ДаIишна белшашгIортош йолу пропаганда а еш Германи мел ю лелийтар тамаша а болуш.

Немцойн Хилдесхайм гIаларчу маьждигехь хьехамхо волу Ахьмад Iабдул Iазиз IабдуллахI, аьлча а, Абу Валаа полисхошна вевзаш хилла ца Iаш, джихадхойн сцена толлуш болчу аналисташна а дика вевзаш вара. Цо ша Ютубехула а, Фейсбукехула а баржочу шен хьехамашкахь цкъа а шен юхь-сибат ца гойтура.

Я кортах чалба а йихкина букъ берзийна Iаш, я деккъа шен ирах бахийтина хьажо пIелг болу оза куьг гойтуш, я чIаьнгане кхаччалца шен Iаьржа доьхьна дегIан чарх гойтуш. ХIетте а, озаца а, гангстераш буьйцучу кепара акцентаца буьйцучу немцойн маттаца а, ткъа иштта Ал Манхьадж Медиа лейбл йолчу ютюб-каналаца а вовза хала дацара и стаг.

ХIинца кхаари дийнахь Абу Валаа а, цуьнца кхин а виъ цуьнан тIаьхьалонча а лаьцна полисхоша. Карлсруэ гIаларчу прокуратурано журналисташлахь даржийначу дIахьедарца, даханчу шеран гуьйранна дуьйна таллам хилла цу стагана дуьхьал болийна. Иза шозлагIа а лаца тоалла бахьанаш карийначул тIаьхьа 400 бIе полисхо декъа волчу леринчу операцица лаьцна иза.

Цунна а, цуьнан накъосташна а бехке дуьллуш ду, Шема ДаIишах дIакхета бахар кегирхошна марздар а, царна цига дIабаха гIодар а. Цара ДаIишна джихадхой гулбархьама а, уьш цул тIаьхьа Шема а, Иракъе а дIахьажорхьама а дийна цхьа къайлаха маша кхоьллина хилла бохуш чIагIдо Iедалхоша.

„ Цу машанехь бехке вечу Ахьмад Iабдел Iазизан, шех Абу Валаа олуш волчу, болх бара, Шема тIаме бахар бакъдар а, иза кегирхошна марздар а. Ткъа шаьш корта хьовзийна кегирхой дозанал дехьа а баьхна, ДаIишах дIатохар цуьнан накъостийн болх бара“, - иштта аьлла ду прокуратурин дIахьедарехь.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG