ТIекхочийла долу линкаш

Iамеркан керла президент Трамп Доналд цкъачунна шен болх бан волавелла вац, кхин а ши бутт сов хан ю цо официале пачхьалкхан архаш шена каралаца йисина. Амма хIинцале а цо президентан харжамашкахь толам баккхаро а, ткъа иштта кесталгIа Вашингтонерчу КIайчу ЦIийнан да иза хир вуйла бохучух кхетаро а тIеIаткъам бо дуьненан политикана а, дуьненаюкъарчу юкъаметтигашна а.

Масала, шен харжамийн программехь юх-юха а Оьрсийчоьнца а, Кремлан коьртачу гIентан деца Путин Владимирца а озабезам гойтуш хилла Трамп даржехь чIагIвелча Москохана дуьхьал Малхбузено яьхна йолу санкцеш юхаяха я малйан гIорта сахьт дац аьлла хета цхьаццаболчу тергамхошна.

Иштта, Iамеркерчу Файненшнл Таймс газетано яздо, Евроберто хIара карара шо чекхдалле рогIерчу 6 баттана шен санкеш яхъян мега, Трамп Доналда Iедалан коьрте кхаьчча цо санкцеш малйаран политика йолор кхоьруш, аьлла.

Газетано чIагIдарехь, тIедогIучу кIирандийнахь Брюсселехь цхьа лерина цхьаьнакхетар ду Евробертана юккъе йогIучу пачхьалкхийн арахьарчу гIуллакхийн министраша дIахьур долуш.

Цигахь цара дийцаре дийр ду, нагахь санна Трамп шен харжамийн программера тезисаш президентан даржехь кхочуш ян волалахь хIун дича бакъахь ду бохург. Артиклан авторо цIе ца яьккхинчу хьостанашна тIе а тевжаш дуьйцу, цу цхьаьнакхетаран Iалашо – массо а Евробертан пачхьалкхийн коьртачу дипломатийн цхьа юкъара позици Трампан инаугураци тIекхачале кхоллар ю, бохуш.

Нагахь санна Трамп Доналда шен Путинца йолу юкъаметтигаш кхин дIа а тойархьарма Цхьаьнатоьхначу Штаташа Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхна йолу санкцеш мал а яхь, уьш малйина ца Iаш Евробертана а цо юккъеяьхнарш малйайта гIерташ тIеIаткъам бан а иза волалахь хIун дан деза бохург ду Малхбузерчу дипломаташа дийцаре ден дерг.

„Министрша дийцарехь, муьлха а цу кепара Iамеркано шен курс хийцар Евроберта юккъерчу пачхьалкхийн Украинин хьокъехь барт бохош хIума хила там бу. Цул совнаха, министрашна хаа лаьа, ГIажарийчоьнца Iамеркано бина болу заррат герзах барт бохо-м гIуртур вац те Трамп бохург“, -иштта даладо Файненшнл Таймсо шен Брюсселерчу хьостанан дешнаш.

Амма Трамп Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан дарж кхочушдан волавелча Оьрсийчоьнна дуьхьал йолу санкцеш цо юхайохур ю бохучух ца теша цхьа могIа тергамхой. Царех цхьаъ политолог Чапханов Руслан а ву. Путинца Трампан мел доттагIалла делахь а, амма президентан даржехь иза хIинца долуш долу хьал ца хуьйцуш дита гIуртур ву аьлла хета цунна. Ткъа нагахь санна иза и хьал хийца лаам болуш хилахь а, цуьнан сацамаш Конгрессехула чекхбовла безаш бу.

Чапханов: „Трамп Доналд шен болх бан волавелча Оьрсийчоьнан, Iамеркан юкъаметтигашкахь хIинца йолу статус-кво юьссур ю аьлла хета суна. ХIунда аьлча, цкъачунна Шемара хьал иштта мел ду, башха баккхий хийцамаш арахьарчу политикехь иза бан лууш хир ву аьлла ца хета суна.

Цул совнаха, Шемахь и хьал мел ду Европица а башха толур яц Оьрсийчоьнан юкъаметтигаш. Аьр вай, нагахь санна Клинтон Хилларис толам баьккхинехь, Оьрсийчоьнца йолу юкъаметтигаш кхин а оьшур яра, иза арахьарчу гIуллакхийн политикана тIеIаткъам бан чIогIа лууш хиларна. Ткъа нагахь санна Трамп и юкъаметтигаш хийца лууш хилахь а, цуьнан лаамаш Конгрессо тIечIагIбан безар бу. Ткъа и Конгерссехула шен сацамаш чекхбаха цунна дукха хан оьшур ю“.

Цу юкъана Германин тIеман министр йолчу Фон дер Лайен Урсулас вуно шога дIахьедар дина Трамп Доналдан хьокъехь. Меттигерчу ЦДФ телеканалаца шен хиллачу интервьюхь министро кхайкхам бира керла хаьржинчу президенте, НАТО тIеман альянсан политикана муьтIахь хиларе а, Оьрсийчоьнца йолчу юкъаметтигашкахь дукха чукаре ца хиларе а.

„Трамп Доналда массарна а къаьсташ ала деза, ша хьенан агIор ву. Нийсонан а, машаран а, демократин а агIор ву, я цунна уьш бен а дац, хIунда аьлча иза боьршачу нехан доттагIаллин жесташ мехалох хеташ хиларна“, - элира Фон дер Лайенс.

Кхузахь хьахон догIу, немцойн урхалла Трамп Доналд Iамеркан президент харжарх шен догмовлла ялар лачкъош а ца хилар. Германин арахьарчу гIуллакхийн министро Штайнмайер Франк-Валтера ша цу харжамийн хьокъехь вистхуьлуш ур-атталла формале а толамца декъал ца вира Трамп Доналд.

Facebook Forum

XS
SM
MD
LG