ТIекхочийла долу линкаш

Кабулна къилбаседанехьа лаьттачу БагIрамерчу Атлантикан альянсан авиабазехь эккхийтар динарш шаьш ду, аьлла, дIахеьдина тIалибаша. Альянсан векалша бечу хаамца, 4 велла: лаххара а I4 лазийна цигахь. Шоьтан Iуьйкъахь хилла эккхар. Меттигерчу хаамийн гIирсаша дийцарехь, базина чоьхьа а ваьлла, ша шен эккхийтина цхьана стага.

Твиттерехь бехк шайна тIеэцна ТIалибанан пресс-гIоьнчас Забиулла МуджахIида. Кест-кеста до тIелетарш БагIрамна. Стохка Iай мотоциклахь веана, иккхинчу стага вийра авиабазехь Iамеркан эскарх 6 салти.

XS
SM
MD
LG