ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трампна резабоцчийн гуламаш лаьтта Iамеркахь


Эзарнаш Iамеркахой-бусалбанаш Трамп Доналд президент хаьржарца йоьдучу кхоалгIачу буса а арабевлира Майами, Атланте, Филадельфия, Нью-Йорк, Сан-Франциско, Портленд, кхин а массех гIалин урамашка. Протестан къамелашкахь наха далхадо керлачу президента шен харжамийн кампанехь бусалбанашна дуьхьал дина къамелаш.

Портлендера гулам дIасалоллуш полицин карах велла цхьа стаг, массех лазийна. Майамехь некъаш а лаьцна дIабаьхьира протестхоша болам. Нью-Йоркехь, Трамп вехачу цIенна гергахь а гулвеллера 1200 гергга демонстрант.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG