ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пурстоп ма вогIийла шун керта цкъа а!


Нохчашлахь чIагIбелла кхетам бу -уггар халчех,баркалла доцчех,наха алсам наьIалт олучех бу суьдан пурстоьпийн болх.

Зудий майрий къаьстича, бераш декъар биста кхаччалц, церан девне юкъаметтигаш листарехь,Iедална йогIу ял охьайиллийтарехь, банкашкара эцна кредиташ юхадерзорехь – массо меттехь хьалханчаш пурстоьпаш хиларна,леррина хIуьттаре ян, шайн лаамехь арабевлча санна,уьш ца беза нахана.

Чоьте оьцуш дац массо хан,раж ларйина низам талха ца дайта, луур толийта,юкъараллин хьашт-дезарш листа таро дебош, Iедалан бохчи чу ахча гулдан уьш арабевлла хилар.

Кхелан пурстоьпийн урхаллин хьостано гIардаккхарца цу декъехь кхушара къаьсттина кхиамаш баьхначух тера а ду цара. Цуо чIагIдарца чекхбаььлачу исс баттахь пурстоьпаша декхархошкара схьадаьккхина 9I0 миллион сом. Иза 522 млн. сом сов ду оццу хенахь стохка гулдинчуьнца дуьстича.

ХIусамашкахь ягочу газана,токана бахархошкара схьадерзийнарг ду 134 млн. сом ахча. Стохлерчул а шозза сов ахча кхачийна пурстоьпаша Iедалан бохчи чу некъан низам лардечу полисхоша диттина гIуданаш бахьнехь -8I миллион сом. Цу тIера доладелла сан къамел I5-I6 шарахь пурстоп болх беш волчу Соьлжа гIаларчу эпсарца Салаца. Тхойшиннан къамелехь гучуйийлира,ца догIу гIуданаш детташ лело хьарамлонаш а, шаьш тоьхна гIуданаш дебийтархьама шен хенна могIарерчу нахе хаамаш дIа цакхачийтар а ишта кх. дI а.

Сала: «Кхушара керла статья ю юкъаяьккхина. Ахь ткъа де далале гIуда охьадиллахь ах дIаделча волу хьо. ТIаккха а, и доллушехь и гIуданаш деттарий, тхойга схьаэхарий тIекхеттехь бен лах ца ло. Вуно чIогIа дукха детташ ду гIуданаш. Ткъа нахе харцо муха кхийдайо? ГIуда тоьхча 20 де далале ахча охьадиллар тIедожо кехат дIа ца кхочуш батте а долу,эха шаре а долу. Хьенан бехк бу ца хаьа. Шен хенна дIа ца кхачош нахана эшам бо,и гIуда а алсамдоккху…»

Маршо Радио: Токана,газана я хина ахча ца делла. Уьш а аша схьадоху?

Сала: «Нагахь санна цу стага шена еллачу хенан гурахь и ахча дIа ца деллехь, тхуна и кехаташ схьадоуьйту. Стенна аьлча стагера ницкъала декхар схьадаккха бакъо ерг тхан урхалла бен яц. ТIаккха тхойга кехаташ схьадаийта бакъо ю церан,тIедожош дац, бакъо ю».

Маршо Радио: Сан лулахочун I00 эзар сов декхар ду газана дIадала дезаш. Кхо шо даьллехь низамо магош дац и схьадаккха.Ишта и магош доцург а схьадаккха ара-м ца довлу шу?

Сала: «Тхан кхело бина сацам бийцаре бан я шеконе билла бакъо яц. Нагахь хьо суьдо хьайна йинчу кхелана реза вацахь хьо-хьо кхеле вала веза,хьайга харцо кхийдайой хаийта. Декхархочуьнгара схьаяккха йиш ерг а,йоцург а низамо къастош ду. Дахарехь ца хилча ца йолучу хIуманна а тхан тIекхийда йиш яц,цунна тIедогIучу рицкъанах нисса эханна бен тIекхийда а йиш яц… Ца хилча мегар долу хIума юй,роскошь олу-кх цунах,иза схьаяккха тарло. Тхан балха тIехь халаниг ду мискачеран,гIийла бохкучеран сагатдар…»

Iедална йогIу ял схьагульярх, дийцинчу пурстоьпо Салас билгалдоккхура цкъацкъа низамо бохург тергамза а дуьтуш,ял схьагульяр тIедуьллуш, Iедалхоша барта тIедахкарш деш хилар а,цу декъехь туьйсуш болчу кхерамийн чулацам хIора баттахь бохург санна,чIагIбеш хилар а.

Цунна лач делахь а тоьшаллла ду кху деношкахь телпон зIенех пайда а оьцуш, ватсап чухула цIе яьлча санна дIасабаржош болу кхайкхам-кхерамаш а. Iедалан я муфтиятан векал а хилла къамел дечо дийцарехь тIедогIучу кIиранан I4-чу дийнахь дуьйна керла мур болош бу махкахь ял охьаюьллуьйтуш, газан,токан декхархой жоьпе беш. Цуо чIагIдарца-м буххера дуьйна а зуьйр долуш ду нийцса я харц оьцу пенсеш боху гIуллакх а. Цу хаамо бакълена а йиш йохийна дукха адам ду Нохчийчохь

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG