ТIекхочийла долу линкаш

Туркойн Iедалша Iамеркехь ларло боху шайн махкахошка


Туркойн арахьарчу гIуллакхийн министр Чавушоглу Мевлют.

Туркойн арахьарчу гIуллакхийн министр Чавушоглу Мевлют.

Трамп Доналд президент харжарна дуьхьал акцеш дIахьочу меттигех ларло аьлла, кхайкхам бина Туркойчоьнан Iедалша Iамерке баханчу шайн махкахошка.

Трампан цIе йоккхуш яцахь а, цун кхайкхамехь дуьйцуш ду Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь Лахьан-беттан 8-чу дийнахь президентан харжамаш хиллачул тIаьхьа къепедацарш дуьйладелла аьлла. Цунах лаьцна хаам бо Iамеркин CNN телеканало.

Туркойчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллана хетарехь, «Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь алсамъевлла расизмаца а, кеснофобица а йоьзна инциденташ».

XS
SM
MD
LG