ТIекхочийла долу линкаш

Freedom House: телхаш ду маьрша интернет лелорца доьзна хьал


ЯлхолгIа шо ду кху дуьнентIехь интернетаца доьзна хьал телхаш долу. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Freedom House организацино кечдинчу рогIерчу рапортана тIехь. Таллам дIабаьхьна цо 65 пачхьалкхехь. Цу талламаца а догIуш, интернет маьрша хилар хьокъехь уггаре а ледара хьал ду Китайхь а, Шемахь а, ГIажарийчохь а.

Интернет маьрша йоцучу пачхьалкхашна юкъахь ю кхин а 17 пачхьалкх, шайна юкъахь Мисара а, Белоруси а, Казахстан а, Судан а, Оьрсийчоь а, Пакистан а, Вьетнам а йолуш.

Оьрсийчохь интернет маьрша хилар кхин а лахделла тIаьхьарчу шарахь. Оьрсийчоьнан Iедалша Iаткъам бо интернетах пайда оьцучу нахана, антитерроран Iалашонца до шаьш иза бохуш. Амма коьрта Iаткъам ловш берш бу цу махкахь оппозицехь болу нах а, цхьацца жима тобанаш а, Украинерчу тIамах лаьцна Iедалан политикица йогIуш йоцу комментареш юьту нах а.

Бакъонашларъярхошна хетарехь, 28 пачхьалкхехь интернет цхьана декъана маьрша ю, ткъа кхин а 17 пачхьалкхехь интернетана цензура яц.

Уггаре а маьрша интернет йолчу пачхьалкхашна юкъахь ю Эстони а, Исланди а, Канада а, Iамерка а, Германи а. Маьрша интернет лело аьтто болчу пачхьалкхашна юкъахь ю иштта Гуьржийчоь а, эрмалойн пачхьалкх а.

XS
SM
MD
LG