ТIекхочийла долу линкаш

Пачхьалкх а, къам а кхиаме лору, нагахь санна оцу махкахь исбаьхьалла, хуьлийла иза кино я литература, театр я спорт лакхарчу тIегIанехь дIатарйина елахь.

Къилбаседа Кавказерчу мехкашлахь, ХIирийчохь а, Ростов гIалахь а киноиндустри локхаллехь яра Советан заманахь.

ХIетахь актераш а бара похIмаллехь къаьсташ - тоьллачу доьшийлаша арахоьцу.

Нохчийн артисташа Дудаев Мусас, Марисултанов Iелас, Омаев Дагуна дуккха а васташ ловзийна хIираша яьхначу киношкахь.

Кхо шо ду Нохчийчохь «Чеченфилм» киностуди кхоьллина, коьртехь Терекбаев Беслан а волуш. Вовшахтоьхна гIеххьачул кино йоккху гIирс а.

Шен хIусам а йолуш, болх беш ша цхьаъ бен яц «Чеченфилм» Къилбаседа Кавказан мехкашлахь.

Ала догIу, Терекбаев ша лор хилар. Гуьмсерчу медицинан колледжан филиал чекхъяьккхинчул тIаьхьа, дешна цо Аштаркхнерчу пачхьалкхан медицинан университетехь.

Амма кинога болчу безамо херво иза ша къастийначу медицинан говзаллах.

Киностуди кхоьллинчу кхаа шерачохь дуккха филмашна тIехь белхаш болийра Терекбаевс а, цуьнан белхан накъосташа а.

2014-гIа шо. «Лаьмнаш а санна абаделлалц» (Вечно как горы), дуккха а дакъошкахь кино. Оцу филмехь дакъалаца кхайкхира оьрсийн артисташ. Нохчийн пачхьалкхан театран артисташлахь бира харжам. ТIамо ден зуламаш, Iенаде цIий, доцца аьлча, адамийн кхолламех бара филман чулацам.

12 декъах лаьтта «ТIеттIакхетар» (Столкновение) кино яккха йолийна аьлла бара кху Iаьнан хаамаш. Оьрсийн телевизионехь йоьдучу «Дом-2» проектан декъашхочо Гусева Евгенияс ловзор ду оцу кино чохь коьрта васт, кху аьхка Оьрсийчоьнан кинотеатрашкахь гойтур йолуш ю, яздора Нохчийчоьнан хаамийн гIирсаша.

50 минотах цхьа дакъа а лаьтташ, сериал кхайкхийра юьхьанца. Кино чохь васташ ловзон къобалбина артисташ бацара даймахкахь цIарца я бевзаш а.

(Бехке дац. Тоьллачу, гоьбевллачу нохчийн артистийн чкъор хийцаделла, ткъа керланаш кхиийна бац).

Комедин жанрехь филм «Тоьлла доттагIий». Кху аьхка киностудин директоро Терекбаев Беслана доккхачу хазахетарца хаийтира, ХIиндойчоьнан тоьлла актераш юкъа а балош, берашна лерина кино яккха шайн Iалашо хиларх.

ДоттагIаллах ю сценари. Ша шена чу а воьлла, компьютерца гергарлонехь вехачул а, доттагIех а кхетта, дуьне довзар гIолехьа дуйла хоуьйтуш.

ГIуран-баттахь болх болор бу аьлла, чIагIдира.

Охьаягарйинчу филмийн дахар дукха доца хиллера. Аьлча, хила а ца хиллера - дерриг долийначохь дисира.

Нагахь санна и кинош чекхъяха ницкъ тоьанехь а, хIун дара цара дохьург? Муьлхачу заманан турплахой бара цара гойтурш, базбийраш?

Адин Сурхо я Жумин Акхтула, Обарг Зеламха я Ушарма Имам, Шерипов Асламбек я Нурадилов Ханпаша, Авторханов Iадрахьман я Гадаев Мохьмад-Салахь?..

Дахначу шарахь дуьххьара нохчийн маттахь «Деган аз», 12 декъах лаьтташ хинйолу филм яккха йолийра Нохчийчохь, продюсер Терекбаев Беслан а волуш.

Кинон хьалхарчу декъан презентаци баьхкира Оьрсийчохь шуьйра бевза артисташ, режиссераш.

Дуккхаъчара лахара мах хадийра цу филман. Болх а цу тIехь сецира. Нагахь санна, турпалхойн кхин дIа долчу дахарх, кхолламах хаа луурш хиллехь а телехьажархошлахь, аьтто ца хилира чакхе ган.

Ца кхеттарг, тIаьхьакхуьур ву

Кадыров Рамзан ша а ву кино езаш дукха жимчохь дуьйна. Мехкан куьйгаллехь волчу юкъанна мосийтазза ларийна иза киношохь кеп-кепара ролаш ловзо.

«Ца кхеттарг, тIаьхьакхуьур ву» цIе йолчу ша дакъалоцучу исбаьхьаллин кинон анонс оьллира цо шен Инстаграмерчу агIонтехь стохка.

«Дукъа сайга дехарш динчул тIаьхьа резахилира со, дакъалаца оцу филмехь. Кинон режиссер Голливудан тоьллачу филмийн режиссер ву. Ишта дуьненчуьра тоьлла актераш бу соьца цхьана васташ ловзош», аьлла, тIе а тухуш.

Йоцца видеоролик а яра йозанах йоьзна. Цу тIехь, карахь масатоп а йолуш, хьаьдда вогIуш ву Кадыров Рамзан. Цунна тIаьхьахахкаелла йогIу тIеман басаршкахь джипийн ковра. ЦIеххьана соций, Кадыров герз детта волало стигал, хIаваэ.

Кадыровна гонах машенаш а хоьхкуш, корах ара, хIаваэ герзаш детта буьйлало машенчуьрнаш.

«Ца кхеттарг, тIаьхьакхуьур ву» боху Кадыровс.

Амма цакхеттарш а, хIинца и хIун дара тIаьхьа ца кхуьурш а дуккха а бисира, шаьш шайца хеттаршкахь.

2016-гIа шо оьрсийн кинон шо аьлла кхайкхийра Путин Владимира.

Дуккха а хеттарш дара гулделла Маршо Радион «Чеченфилм» киностудин куьйгалле.

Ца нисделира зIе таса. ХIунда аьлча, кху деношкахь белхан визитца вахана ХIиндойчохь ву Терекбаев Беслан. Иза даймахка юхавирзича доьхур вай цуьнгара жоп.

Цкъачунна вайна дуьсург - Голливудан киношка хьежар.

Facebook Forum

XS
SM
MD
LG