ТIекхочийла долу линкаш

Iедалшна дуьхьал ши митинг дIайоьду Киевехь


Украина -- Дуьхьалонан ши митинг ю дIайоьдуш Киеван центрехь, Лахь.15, 2016

Украина -- Дуьхьалонан ши митинг ю дIайоьдуш Киеван центрехь, Лахь.15, 2016

Украинин Iедалийн политикана дуьхьал хьажийна ши митинг ю дIайоьдуш Киеван центрехь. УНИАН агенталло бинчу хаамца, 400 гергга стаг гулвелла Лаккхарчу Радана хьалха йолчу Конституцин майдане. 1500 стаг вовшахкхетта Украинин Къоман банкана хьалха.

Дукхах болчара дуьйцу, шаьш банканаш Iехийна бохуш. Полицино дIакъевлина Крещатик а, цунна уллера а урамаш а. Къепе ларъяр Iалашонца цу метте тIеоьзна 5000 гергга Украинин Къоман гвардин эскархо.

Оршотан дийнахь оппозицин блоко а, кхин а цхьамогIа юкъараллан боламаша а полице кехаташ чуделла, кху кIиранах шаьш дуьхьалонан акцеш ян дагахь хиларх лаьцна.

XS
SM
MD
LG