ТIекхочийла долу линкаш

Iамеркехь хаьржинчу президенто Трамп Доналда а, Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира а къамел дина телефонехула. Кремлан сайто бинчу хаамца, иза хилла шина а агIоно барт а бина.

Оьрсийчоьнан президентан пресс-сервисо бинчу хаамца, Путина декъал вина Трамп президент харжарца. И шиъ реза хилла Оьрсийчоьнан а, Iамеркан а юкъаметтигаш лортIе яло езаш хиларна.

Цул сов, Трамп а, Путин а хеташ ву, дуьненаюкъарчу терроризмаца а, экстремизмаца а къийсам дIахьош цхьаьнакъахьега деза бохучунна, аьлла ду Кремлан сайт тIехь.

Трампан тобано комментари йина яц Кремло бинчу хаамна.

XS
SM
MD
LG