ТIекхочийла долу линкаш

Дайшкара дайшка а луш, Iедал моссаза хийцало дола а хIиттош лаьттина нехан хIусамаш юха а Iедалан реестре яха дагахь ю мехкан администраци, аьлла, даьржина Нохчийчохь. Бахам тIеязбийриг шайгара алссам ахча доккхур дуйла хуучу нахе сагатдойту хаамо.

Махкара дика а, вон а дуьйцуш, даржош бахархоша шайн хаамийн гIирс, радио а, газета а, видеохьожийла а йина лелачу ватсапехула бахархошка дIахьедар даржийра цхьана динанда ву ша бохучу къаночо.

Кху муьрехь газах, серлонах, хих, хIусамех йогIу ял Iедална дIа ца еллачу бахархошка ша кхайкхамбо, охьадахка Iедалан ахчанаш, шайна паргIат даха лаахь, бохура цо.

Иштта хаамбира цо, махкарчу бахархойн цIенош, ков-керташ юха тIеяздеш ду Iедало, цунах доьху ахча а кечделаш, аьлла.

И дIахьедар шийла кхаъ хилла тIеэцна махкахь, дийцаредо социалан машанашкахь а.

Ютубехь шена хетарг, амма Iедалхошна товрдоцург даржийна рогIерчу нохчийн зудчо оцу кхайкхаман хьокъехь.

Ютубера зудчун аз: "ЦIенош доладаха бохуш делахь, уьш доладохург тахана шортта ахча доьху. Нехан и ахчанаш дац. Тохара вайн дайшн а, дедайшаа а, хьалха дуьйна а, керт-ковнаш, и хIума а ца лелош, лахь, тIера ял а оьцуш, селсоветехь тIеяздора. ХIинца массо а агIр нахера сом даккха гIерташ, сахаьдда массеран а.

Тахана нехан дан ма дац и ахчанаш. Тахана нах чохь яа хIума а йоцуш бу, таронаш йоцуш бу. Балхахь бац нах, некъахь бац. Белхан меттигаш яц кегийрхошна, уггар хьалха сан чуьра дуьйна дIа. Сан ши кIант ву, зударий а болуш, доьзалш а болуш, бан белхаш а боцуш.

Адам ма хьийзадайша! Цара мичара лур ду и ахчанаш. Деман гали эцча, шекар эца йиш йоцуш, чохь яа хIума йоцуш ду-кх адам. Ишта дац алал! Бан ма бац белхаш. Балха хIуттург шортта ахча дала дезийла массарна а хаьа. Диплом дерг балха хIотториг 500 эзар а, 1 миллион а доьху. Нехан дан ма дац оццул ахчанаш Нохчийчохь...".

Аз даьржина кху оршоьтадийнахь. ДIакхача тарло, хуьлуш ма-хиллара, мехкан администраторе Кадыров Рамзане а. Муха тIеоьцур цо зудчо ден къамел, шен цIе цо яккхина яцахь а, шега иза деш дуйла а кхеташ, тидаме эцахь?

Хила тарло, дина къамел бакъдолчун герга а дигина, мах хадош а. ХIунда аьлча, зудчо бохург дуккха а нехан багахь хеза кху муьрехь. Шеко а йоцуш, халчу хьоле даьлла дахар, ахча ца тоьа бахархошна коммуналах д1адала а, хенера доьзалш баха а.

Ткъа дерза тарло, хьалха а санна, теллина, къамелдина зуда схьа а карийна, шен нахаца цхьаьна телевизионе а йигина, Кадыровна хьалха а хIоттийна, къурд бохуьйтуш, елхош, «паччахь» эриг къинтIера вохуьйтуш а. Шо гергга хьалха Теркйистан Iела-Юьртарчу Инаева Iайшате санна.

ТIех майра къамел, аьлча а, Кадыровс а, цуьнан гоно а ала могуьйтуш доцург ватсапехь, я кхечу машанехь даьржича, лерг айдо массара а, муха доьрзур те хIинца хIара къамел, олий.

Цкъачунна хууш дац, мила ю Инаева Iайшатан лорах йогIург. Амма хаа а сахьт-м дац вайна иза кестта…

Facebook Forum

XS
SM
MD
LG