ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путина министран даржера дIаваьккхина Улюкаев


Улюкаев Алексей.
Улюкаев Алексей.

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владмира шен указаца Минэкономразвития куьйгалхочуьнан даржера дIаваьккхина Улюкаев Алексей. Цунах лаьцна хаам бина Кремлан зорбанан сервисо.

Цо бинчу хаамца, Улюкаев министран даржера дIаваккхаран бахьана ду «тешам бар».

Улюкаев лаьцнера кху деношкахь 2 миллион доллар кхаъ оьцуш. Талламан комитетан векало Петренко Светланас дийцарехь, дуьйцург ду «Роснефть» компанин векалшна кхерамаш а туьйсуш ахча даккха гIертар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG