ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Аткаева Луиза. Вай стенга хьош ду-те кхолламо?


* * *

Вай стенга хьош ду-те кхолламо?

Вай леха хIун лоьху-те? –

Ца хаьа и вайна. ХIораммо

Дахаран хьо атта некъ.

Дуьненан гац вайна хазалла,

ХIаллакдо дика мел дерг.

Вовшийн цадезаран бIаьрзалло

ДIакъевли вайн ирсан неI.

Цундела даьржинчу зуламо

Къинхетам дIабаьккхи вайн.

Со шуьга ма кхойкху, адамаш,

Диканна дог делла вай.

Йиш яц вайн, вовшех а къаьстина,

Массарна къахьдан дуьне.

Безачийн дегнаш а хьаьстина,

Ховша вай цхьаьна шуьне!

XS
SM
MD
LG