ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Петирова ПетIимат. Хьо хIинца генахь ву...


***
Хьо хIинца генахь ву –
Вац хьайга со кхойкху хезехь…
Со хьоьха хьоьгуш ю –
Хьан аз ду дисна сан лерехь…

Буьйсанаш еха ю –
Хьо вац сан сингаттам байбан…

Iуьйренаш беса ю –
Декъалъеш дош хезаш дац хьан…

Кехаташ лардо ас –
Хьан йовхо ларйийриш шайца…
Ца кхаьчча, хуьлу вас –
Дукха ду сан хьоьга дийца…

Кхачахьа суна тIе –
Ас санна ларвац хьо цхьамма…
Хилахьа хьасене –
Езахьа, суна хьуо санна…

Ас йина гIаланаш –
Ойланехь суо хьоьца хIиттош,
ЦхьамогIа гIалаташ –
Вовшашка цабезам гIиттош…

Амма ахь гечдехьа –
Къера ю, со бехке хилла,
Мел хилларг дицдехьа –
Яшаяй дагчуьра чилла…

Хьо уллохь хилахьа –
Даима со кхойкху хезехь,
Хьуо веза мукъ лохьа –
Декар ду сан аз хьан дагехь…

Петирова ПетIамат нохчийн кхузаманахьлера байтанча ю. 1982-чу шеран чиллан-беттан 12-чу дийнахь Элистанжа юьртахь дуьнен чу яьлла Петирова ПетIамат. Циггахь кхиамца чекхъяьккхина юккъера школа. Доьшуш йолуш тасаделла цуьнан литературица гергарло.Лакхарчу классашкахь доьшуш йолуш йолаелла байташ язъян. Юккъера школа кхиамца чекхъяьккхина яьлча, Нохчийн Республикин пачхьалкхан университетан филологин факултет чекхъяьккхина. 2006-чу шарера 2008-чу шаре кхаччалц «Книжни издательствехь» болх бира ПетIамата. ХIинца «Исламан зIаьнарш» цIе йолчу республикин газетехь коьртачу зорбанчан болх беш ю.

XS
SM
MD
LG