ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Петирова ПетIамат. Экама къоналла пхийттара йолуш...


Петирова ПетIамат

***


Экама къоналла пхийттара йолуш,
Сан гIенаш хьистинарг хьан амат дац.
Нийсархойн могIарехь со кура сетташ,
Ас къайлах лардинарш хьан
некъаш дац...

Ца кхеташ я кхеташ хьан хьажар сацош,
Хьан бIаьрса дуьйлинарг сан сибат дац.
Дуьххьара кийра цIе латош, хьо чахчош,
Хьан синтем байинарг со янне яц...


Дахаро Iовжийча, эндаже човхош,
Со Iехон кхажбаьлларг хилла-кха хьо...
Хьайн деган кIоргехь ахь
кхаьбна сатийсам,
Кхочушбан ирс кхаьчнарг яц теша со?..

Петирова ПетIамат нохчийн кхузаманахьлера байтанча ю. 1982-чу шеран чиллан-беттан 12-чу дийнахь Элистанжа юьртахь дуьнен чу яьлла Петирова ПетIамат. Циггахь кхиамца чекхъяьккхина юккъера школа. Доьшуш йолуш тасаделла цуьнан литературица гергарло.Лакхарчу классашкахь доьшуш йолуш йолаелла байташ язъян. Юккъера школа кхиамца чекхъяьккхина яьлча, Нохчийн Республикин пачхьалкхан университетан филологин факултет чекхъяьккхина. 2006-чу шарера 2008-чу шаре кхаччалц «Книжни издательствехь» болх бира ПетIамата. ХIинца «Исламан зIаьнарш» цIе йолчу республикин газетехь коьртачу зорбанчан болх беш ю.

XS
SM
MD
LG