ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Петирова ПетIимат. Безамо шалхо ца лайна...




***
Безамо шалхо ца лайна –
Кхин хир дац цул луьра герз.
И хьоьца карор ца тайна,
Хеди те сан деган мерз?

Со-сайца къамеле яьлла,
Ца лууш хьоьга дан арз.
Шеконийн барам тІехбаьлла,
Хеди те сан деган мерз?

ТІаьххьара хьоь кхайкха айлуш,
Йиш хелаш къарделча аз,
Вай цхьаьна хир дацар дазлуш,
Хеди те сан деган мерз?

Дикане сатийсам кхоло,
ТІесерсаш гуьйренан дерз.
Кхин цкъа а мукъам ца боло,
Хеди те сан деган мерз?

Петирова ПетIамат нохчийн кхузаманахьлера байтанча ю. 1982-чу шеран чиллан-беттан 12-чу дийнахь Элистанжа юьртахь дуьнен чу яьлла Петирова ПетIамат. Циггахь кхиамца чекхъяьккхина юккъера школа. Доьшуш йолуш тасаделла цуьнан литературица гергарло.Лакхарчу классашкахь доьшуш йолуш йолаелла байташ язъян. Юккъера школа кхиамца чекхъяьккхина яьлча, Нохчийн Республикин пачхьалкхан университетан филологин факултет чекхъяьккхина. 2006-чу шарера 2008-чу шаре кхаччалц «Книжни издательствехь» болх бира ПетIамата. ХIинца «Исламан зIаьнарш» цIе йолчу республикин газетехь коьртачу зорбанчан болх беш ю.

XS
SM
MD
LG