ТIекхочийла долу линкаш



***
Хийла хьоь сатийсар доьхкуш,
Ахь шело лешайо суна,
ХΙетте а хьоьх дог ца дуьллуш,
Сан ойла тΙегΙерта хьуна.

Дахкарлахь лоьху некъ санна,
Хала ду хьан ойла йовза,

Маржа-яΙ, ца хилла-кх доьгΙна,
Вайн синош хелхарехь хьовза.

Ткъа кхечо некъаш а хедош,
Веларца сан хьежар лоьцу,
Шен иллеш цо суна декош,
Ларамза со цуьнца соьцу.

Некъ жΙараболучохь лаьтта,
Ца хΙуттуш гΙулч таса дехьа,
Ца хилла-кх, ца хилла-кх атта,
Хьо вита, дог дуьллуш, сехьа.

Цхьа геннахь сегачу ирсе,
Кхойкхучу ца ловзу ког,
Ва маржа, сан амал ирке,
Ас хΙунда диллац хьох дог?

Петирова ПетIамат нохчийн кхузаманахьлера байтанча ю. Иза 1982-чу шеран чиллан-беттан 12-чу дийнахь Элистанжа юьртахь дуьнен чу яьлла Петирова ПетIамат. Циггахь кхиамца чекхъяьккхина юккъера школа. Доьшуш йолуш тасаделла цуьнан литературица гергарло.Лакхарчу классашкахь доьшуш йолуш йолаелла байташ язъян. Юккъера школа кхиамца чекхъяьккхина яьлча, Нохчийн Республикин пачхьалкхан университетан филологин факултет чекхъяьккхина. 2006-чу шарера 2008-чу шаре кхаччалц «Книжни издательствехь» болх бира ПетIамата. ХIинца «Исламан зIаьнарш» цIе йолчу республикин газетехь коьртачу зорбанчан болх беш ю.

XS
SM
MD
LG