ТIекхочийла долу линкаш

Петирова ПетIимат.

Шира хабар
Дийцар


Суна тешаман, къонахаллин, къинхетаман, чΙогΙа ийман долчу бусалба стеган а, бакъволчу нохчочун а масал хилла лаьттинчу сан деден Мунаман безамна
Гуьйренан еха, йочане буьйса яра хьалха лаьтташ. Иштта еанчу суьйренца пешахь йогучу цΙаре а хьоьжуш, ширачу хабаршка ла а доьгΙуш Ιаш самукъадолура сан. Къаьсттина хазахетара Дадин хабаршка ладугΙуш.

Цхьа хазчу маттаца, ша цигахь хилча санна дуьйцура Дадас хабар. Тайп-тайпана хуьлура Дадин дийцарш, амма хΙоразза а, гΙиллакхе хила веза стаг, тешаме хила веза, шен цΙийца нохчалла долчо дийр дац эхье хΙума, массо а хΙуманал дезаниг стеган сий ду, башха а дац: зуда я стаг, къонахийн амалш товш ю шинггехь а, олий дерзадора цо шен къамел. Тховса а цхьа чΙогΙа сахьаьвзина, Дадин хабарша синхьаам баре сатесна дийхира ас: «Дада, дийцахьа суна хьайн хаза хабарш, хьайна сел чΙогΙа езачу къонахалле сан шовкъ ойуш, боккъал а волчу нохчочун амалех дийцахьа суна».

Дадас, сан амалера шена деза битамаш лохуш санна, леррина сан бΙаьра а хьаьжна, тийначу озаца шен хабар долийра. Цо, шен дедас дуьйцуш ма-хаззара, хенашца ца хуьйцуш, ша цигахь хилча санна, оцу хиламийн теш я коьрта декъашхо ша хилча санна, дуьйцура цкъа мацах нохчийн лаьмнашкахь хилларг, лелларг, шена хезнарг. Кхин хийцамаш ца беш, цо ма-дийццара шун кхиэле дуьллу ас хΙара…
1
Аьхкенан деха де чекхдала гергадахнера, шен йовхо ца кхоош лаьтта кхийдийна малх а чубуза сихбелла лаьмнаш тΙехьа къайлабелира. Аьхна, эсала суьйре яра нохчийн жимачу юьрта йоьссинарг. Юьрта йистехьо, ломан кийрах схьадаьлла аренга сихделлачу шовданан коьртехь хΙуттура хийист – кху эвларчу кегийрхойн уггар самукъадолу меттиг. Кхузахь суьйренца гуллора кегий нах шайн дог лаьтта мехкарий ган, цаьрца дагара дийца, кхузахь кхоллалора церан безамаш, йовзара вовшийн ойланаш, амалш.
Бакъду, юьртахь сих-сиха синкъерамаш а, гурахь а, Ιай а белхиш а хуьлура, цигахь а таро яра вовшийн ган а, довза а.

Амма кху хийистехь кхоллабелла, чΙагΙбелла безам цхьа ша-тайпа хуьлура – и шовда бухдуьйлу лам санна тешамечу даг чуьра Ιийдалуш, шовданах терра хьаьъна, сирла, и шовда мел маларх цунах цаΙабарх терра, шен марзонан доза доцуш.
Кху хийистехь шена дуьххьара гина дела хир бара-кх Берсин Эсиле болу безам а ишта.

Цундела ца го хир яц-кх цунна шайна юкъара йоккха башхо а. Берсин дакъазалла я ирсана евзина хир яр-кха гуьйренан йочанечу суьйренца хийисте еъна хьераш йолчу Аьстамаран хΙетта пхийттара яьлла куцхаза, эсала йоΙ. Ши шо даьлла цул тΙаьхьа, амма Берсина диц ца ло шен дог лоцуш хилла хьажар. Шен цΙе а йоккхуш хΙара вистхилча горгачу беснеш тΙе цΙелла а хьодуш цо маршалла хаттар.
ХΙинца а вогΙура кΙант хийисте сихвелла.

Маржа Эсила яΙ! ХΙун хила доллу те вайшиннан кхолламах? ХΙара дуьне а, Ιалам а харцхила доллу те вайшиннан безамна? – бохуш ечу ойланашца схьакхечира Берса. Эсила йогΙуш гуш яцара, кΙентан синтем байнера. Дагара ца долура селхана сарахь шен ненаца хилла къамел. Ша хΙун дича бакъахьа ду ца хууш ойланаша хьеревинера кΙант. Юха а коьртехула чекхъелира селханлера суьйре…


…Ιуьйранна гΙоттучу малха дуьхьал нисдеш дина дара кхеран жима ши цΙай, рагΙуй. ДΙанехьо керта йистехь чохь цхьа етт, цунна тΙаьхьара эсий, цхьа говррий долуш божалан бахьана а, иттех котам дΙахууш бун а, Берсин нанас Кхокхас картол-гΙабакх а, хох-серамсекх а буьйш цхьа кΙеззиг латта а, и дерриг чулоцуш чу-ара вала зΙар а дуьтуш гобаьккхина йина серех юьйцина керт а – и бара кхеран миска бахам. Да хьоьгур волуш дацара схьагуш долу сурт.

Амма Берса дуьненчу а валале тΙера цΙийнда а кхелхина, гΙо дан марзхойх а, децΙийнах а стаг воцуш кадетташ халла кΙант кога ирахΙотто гΙиртинчу Кхокхин ницкъ бацара кхин хΙума вовшахдетта. КΙант воккха хилча паргΙатъяларе сатийсира, амма ва Дела аьлла ког ца хΙутту цуьнан а. Букъ саттийна, хьацарна пΙелг а хьоькхуш халла даьккхина рицкъа хене бовла бен ца тоьа, хΙусамаш, йийбарш нисъян сов ца долу.


Делахь а, Кхокхас Далла хастам барца тоам бо, цхьанна а декхар дац, тΙехь чΙир а, эхьан томмагΙа а дац. Сарралц къа а хьегна цΙа вирзича сарахь ког хецца дΙавижа а, хьанна а бΙаьрга тΙе бΙаьрг а хΙоттийна къамел дан а йиш ю Берсин. Цул боккха бахам ца оьшу Кхокхина. Дависа, тΙаьхьарчу хенахь кхуьнан садуу и цхьа сингаттам бацахьара.


Кхокхина хаара шен кΙант Аьстамаран йоΙ езаш вуй, дагахь чΙогΙа йоккха а ера иза. Латта хаздан доссийна малик санна исбаьхьа а, шен цΙе бакъян санна аьхна амал йолуш а яра Эсила.


Мичахь ирс хир дара сан и керта хьовззал. Сан мискалла йогΙур ма яц Аьстамарца. Дуьненан рицкъа тΙехьаьвзина стаг ву иза. Луур дац цунна шен йоΙ къечу керта яхийта, сатийса а ца оьшу, олий хетара Кхокхина. ТΙаккха а, кΙантах къахетий, хьанна хаьа кхолламо хΙун яздина а, ас хьарамчух, эхьечух ларвеш, доьналле, къинхетаме кхиийнчу сан кΙантана орцахвер вац те Дела, олий сатосура.
ХΙинца а, етт оьзна а яьлла, суьйренан гΙуллакхаш дΙасалистина, рагΙу кΙеларчу товхи гонах ша хьийзаш тергалвора цо кΙант.

ХΙетта кха тΙера чукхаьчча юьхь-куьг дилина, чубуза лахбеллачу малхе а хьоьжуш ойланаш йора цо. Шен дагахь дерг хьахон ца хΙуттуш дΙасахьаьвзина, гΙелвеллачу кΙентан бΙаьра хьежа а ца елла, тΙееана юххе охьалахъелира нана.


– КΙант, ахь шена оццул сагатдой хууш а, ахь кхийдон некъ къобалбеш а юй и Аьстамаран йоΙ? – шен садуург хьахийра цо.
Вист ца хуьлуш лаьттан бΙаьра хьоьжура Берса, цΙеххьана дара ненан хаттар.
– Соьх бехкаш ма леца, Берса. Суна хаьа хьан дагара. Соьга ца дийцича дагара дийца йиша, улле вала ваша я шича а вац хьан. ХΙара декъаза дуьне даа пΙелг санна цхьалха хьо дуьненчу ваьккхина ас. Там ца бо кху дуьнено, хетарг а хилла ваьхна а, кхунах Ιаьбна а вац цхьа а. Вай кхуллуш яздинчух довла йиш яц вайн. Делахь а, доьлхуш а лелар дац вай.

Хьуна эшначохь йиша а, ваша а, накъост а ю хьуна со. Кхин генадаьлла хьекъал дацахь а, ахьчул хΙара дуьне дукха хьешна а, сайнначул дика а, вон а гина ю. Хаьа суна хьо Эсила езаш вуй а, вайн керта и йоссон лаам болуш, делахь а, вайн мискалла бахьанехь и цуьнга хьахон ца хΙуттуш лелий а. Кху вайн юьртахь дΙасахьийзарх валахΙотталц оцу лаьттан коржама тΙехь къахьегар бен кхин тΙедан рицкъа а доцуш, со суо йитина дΙасаваьлла и лаха а ца хΙуттуш, хьайн гΙорасизаллина дог а этΙаш ахь хьайн садууий а хаьа.

Берахь дуьйна хьайца кхиъна волу ИбрахΙим болх лаха вахчахьана хьо цхьалха вуй а хаьа. ХΙетахь хьо цуьнца вахийта со ца хΙоьттира, сайн могушаллех бΙо ца буьйлира. Амма гуттар а ишта Ιийна девр дац вай. ЙоьΙан ирс – цΙахь Ιер, кΙентан ирс – лелар, олу.

Сан кΙант, хьайн ирс лаха дΙасавала пурба ду хьуна, цул сов, сан лаам бу иза.
Берса лерина хьоьжура нене, тишъелла, хебарша аьхна юхь, даима сингаттамехь лаьтта кхоьлина бΙаьргаш, хΙара ца кхоош тΙехтиллачу шераша тΙе кΙац тесна месаш, вочадаьлла, худаделлачу дегΙа тΙе юьйхина малхо йоттуш, йочанаша яшош басаяьккхина, тΙеттΙа тΙе летийнчу бес-бесарчу йоманаша язйина коч, кога туьйдина айраш а дааделла, тΙехулеш цхарйоьлла кΙархийн бахьанаш. Цкъа а шена там ца лехна, юучух кийра Ιабоза, шен гΙайгΙа нахана хиъча и шегара дΙаяккхарна кхоьруш санна, шена чукъийлина декъаза зуда. Берсин уггар хьоме а, гергара а адам. Ша цхьанна а гой техьа аьлла дΙаса а хьаьжна, къевллина марайоьллира цо иза.


– Нана, нана. Хьан догдикаллин доза дан а дуй те? Хьайга дΙааьлла дош а доцуш кхета-кх хьо сан дагарчух. Ма хьекъале, къинхетаме адам ду-кх хьо, – бохуш хьоьстура кΙанта Кхокха.
Ткъа ненан бΙаьргаш чуьра лешаш хебаршкахь къайладуьйлура дог кΙадден бΙаьрхиш…
…Шен дагахь Эсилица йист яккха веанера Берса. Тахана цо хоуьйтур ду йоΙе шен дагара, схьадоьллур ду ша хΙинццалц къайлехь латтийнарг. Тахана къаста декхар ду кхуьнан кхоллам. Декъал хилла я гуттаренна а ирсах дог диллина. Эсилин цхьана дашах дозуш хир ду и.
Геннахь гучуелира кΙудал пхьаьрсах а тесна, карахь йоьза чами а ловзош гΙийлачу боларехь йогΙу Эсила. КΙентан дог сихха деттадала дуьйлира. ЙоΙ тΙекхачале йолчу ханна маситтазза хийцаелира цуьнан ойла, шаьлтанан мукъ чΙогΙа къовларна кΙайделлера пΙелгаш, цкъа макхлуш, юха кΙайлуш бос керчара юьхь тΙехь а.


Цхьацца ког боккхуш тΙекхечира Эсила, цунна а даго хьоьхуш хила тарлора ша шен кхолламна дуьхьал йогΙуш хилар.
– Суьйре дика йойла хьан, Эсила, лар-м йойту ахь хьуо, – дуьхьалволавелира кΙант.
– Далла везийла, хьан а йойла суьйре дика. Цхьа дагахь доцу хьеший а баьхкина хьеелира со, – кΙудал лаьтта охьа а хΙоттош дΙахΙоьттира йоΙ. Гуш дара иза цхьа халахетар хилла хилар.
– Эсила, хΙун хьал ду шуьгахь? Хьо цхьа ягийча санна ма хета суна, сингаттаме хΙума-м дац?
– ДΙаΙаш ду тхо а, шу а дуй могаш, нана муха ю? – кΙентан хаттаран шолгΙа дакъа ца хезачуха дитира цо.
– Нана а ю-кх Ιаш. ТΙаьхь-тΙаьхьа цхьацца хабарш а хезадо, цамгарш а лехьайо. Кертахь хьийзаш нус хилча паргΙат хир яра ша бохург а къедадо. Дикачу кΙентан декхар ненан лаам кхочушбар ду, ткъа со и ца хезаш санна Ιа. Суна-м ца хаьа хΙун хир ду а.
– Ден-ненан лаамаш кхочушбан ницкъ кхаьчча-м дика ма дара, амма цкъацкъа вайн лаамашца шалхабуьйлу-кх уьш.
– Деллахь, Эсила, нанина нус харжарехь-м цхьаьнайогΙура тхойшиннан ойланаш, охашимма хаьржинчун дагара ца хаьа-кх, – йоΙа шен дешнаш тΙе муха оьцу хьожуш соцунгΙа хилира Берса. Эсила, йист а ца хуьлуш, корта а оллийна лаьттара, цо буйнахь ловзочу чами тΙехь соьцура чубузучу маьлхан тΙаьххьара зΙаьнарш.
– Эсила, хьо йист ма ца хуьлу? Эрна ду те сан нанас хьо шен йоΙ а хилла керта хьийзаре сатийсар? Жоп доцуш бовр бу те ас деган кΙоргехь хьоьга кхобу безам? Кхин генадаьккхина дийцина хΙума дацахь а, ши шо ду вай гергарло лелон. Таханлерчу дийнан ойла янза ю те хьо? Алахьа хьайна хетарг. Хьан карахь ду-кх сан ирс а, дакъазалла а.
– Берса, къийла а ца луш хьоьга сайна хетарг дийццал хьо сайна вевза аьлла хета суна, цундела бехкаш а ца лоьцуш боху ас, хьо дΙа а теттина лаха безам бац сан. Дуьненахь уггар а доккха ирс хетар ду суна хьан нанна йоΙ а хилла хьан керта яр. Амма… – цΙеххьана сецира йоΙ.
– ХΙун амма. Дийцахьа кхидΙа а, шарахь лаьттар вар-кха со хьоьга ладоьгΙуш, – дехаре велира Берса.
– Амма вайна хетарг ца хилийта арабевлла нах а бу. Дехьа эвлара совдегар Висха ву дадица гергарло лелош, цо шен кΙантана хьехош ю со. Дадас хΙинца а билггал жоп ца делла, амма дукха хан ца йисна и тΙетан. Вайн хан кΙезиг ю, хΙун де вай? – хаттарца кΙентан бΙаьра хьаьжира Эсила.
– Маржа Эсила яΙ, ма суначул чΙогΙа оьшуш хир яцара хьо Висхин кΙантана, делахь а цуьнан ден хьал ду цуьнгахьа гΙо дохуш, ткъа сан, хьуна ма-хаъара, кураллаш ян меттиг бац, тΙаьхьа хьо дохкойолуш ма дерзахьара хΙара.
– Берса, – халахетаран хьу хаалора йоьΙан озехь – вай девза дукха хан елахь а, хьуна со кхоччуш евзаш ца хилла. Шен дас туьканахь нехан кепекаш лечкъош, церан хьокъалахь вовшахбиттинчу бахамах токх волчу Висаддин хΙусамнана хила мах ца кхочу сан. Хьан хΙусамехь пусар, лерам болуш Ιар гΙоли ю суна. Вуьшта, цкъа а дага ма даийталахь со дохкоер ю алий. Стеган мах хьолаца хадош бац хьуна, цуьнан къонахалле, доьналле хьаьжна хадош буй хаьа суна а.


– Эсила, Эсила, гΙалатваьлла ца хилла со сайн седа хоржуш, баркалла хьуна. Хьан соьга кхоллабелла тешам ца байта ас дуккха а зен хуьлуьйтур ду сайна. Ткъа хΙинца хΙун дича бакъахьа ду вайша?
– Суна-м хаац, Берса. Хьал ма-дарра ас хьуна довзийтина, кхидΙа дерг айхьа къастаде, со ахь аьллачунна тΙехь ю.
– Делахь дика ду. Тховса оршот буьйса ю, вукху кΙиранах йогΙу оршот буьйса, Дала вай цу хене дахахь, вайн хир ю-кх. ИбрахΙим цΙахь воцуш лаа-м ца лаара суна ловзар хΙоттон, амма гΙуллакх хьоьжучохь дац, ИбрахΙим кхетар ву сох.
– Хьайна бакъахьа хеттарг де, ас нене хьахор ду, иза дуьхьал хир яц. Уллехь йиш-ваша а доцуш сара санна цхьалхачу соьх къахета цунна. Сан ирс цуьнан а ирс ма ду.
– Эсила, вайшиннан барт чΙагΙбеш хьайн пΙелгара чΙуг а луш, вай дуьненчу довлале дуьйна а кху ломах бухдийлина а, вай дΙадевлачул тΙаьхьа а кхачор доцу и шовда айхьа суна кхоа ца дахь цунах къурд а байтахьа соьга.
– Тхан мехкарийн цхьа йиш ю-кх оха вовшахкхеттачохь локхуш, – елаелира Эсила, шовдан кΙел чами а лаьцна и хих бузуш.
…Хьогалла дΙаяккха кхо къурд хи хилча,
И мелларг вайшиннах Ιожалло дитча,
И хьуна лур дара хьогалла яц аьлла,
Алахьа ахь соьга совгΙат дуй и хьуна?..
– Адин Сурхо-м со а хир вац, Эсила, амма и совгΙат схьа ца эццал доьналла-м тоьар ду сан.
– Анзоран Заза яцахь а, дош гΙуллакхашца цхьаьнадогΙу сан, цу тΙе, доггах дина совгΙат схьа ца эцча къонахчунна эхь а ду, – еларца хи кховдийра Эсилас кΙанте. Схьаэцна хи а мелла:
– Баркалла, дукха ехийла. Со кхеттал хилчахьана хΙара шовда муьйлуш тахана цхьа ша-тайпа чам хаабели-кх суна кхуьнца. Дела реза хуьлда хьуна, – олуш чами йоΙе дΙакховдийра цо.
– ГΙоза молийла, – шен кΙудал юза хΙоьттира Эсила.
– Делахь ас хьо кхин ца сецайо. Со дΙасаваьлла меттиг хилахь а, гΙуллакх барт ма-хиллара хир ду хьуна. Ιодика йойла, – аьлла дΙаволавелира кΙант. Юьзна яьлла кΙудал белша тΙе а тесна цΙехьа йирзира йоΙ а.


СхьадогΙуш сингаттаме хиллехь а, вовшийн дагара хиъначул тΙаьхьа кхечу кепара яра кху шиннан дог-ойла. «Со еза, со оьшу цунна, дукха хан ца йисна тхойшиъ вовшахкхета. Ма хаза хир ду тΙаккха. Ас цΙера гΙуллакхаш а деш, Берсас арара болх а беш, вовшийн лоруш хан йоккхур ю охашимма, – цкъа сатийсамашка йолура йоΙ, юха кхералора – дада реза ца хилахь, БерсагΙар таро йоцуш бу аьлла цо дΙататтахь хΙун дан деза? Ва Дела, гΙо делахь тхойшинна».
Берса а вацара шен ойланаша хьоьстуш: «Хан-м йиллийти, ткъа кхидΙа?

Там-товр, той-ловзар дΙадерзон ца деза? Гергарлонаш лелон ца деза? Маржа нана, хьан бΙаьргаш чохь цкъа мукъна а йоккхаеран суй къагийта, хьуна хазахетар дан йиллийти-кх ас Эсиле хан. Вайшинне а лаамаш кхочушхилча дΙаайлур бацара те хьан сингаттам? ХΙинца хΙун дича бакъахьа дара те?».
Берса шен ойланашца цхьа виса лууш санна цхьацца ког боккхуш юьртан юккъарчу урамах схьавогΙуш маьркΙаж бода къовлабеллера.
– Ассалам Ιалайкум, хьо ма гΙийла хеталуш ву. ХΙун ду цигахь? – аьлла сацийра хΙара кхуьнан могΙарерчу Расус.
– ВаΙалайкум салам! Сингаттам болуш хΙума дац? ХΙун ду шуьгахь? Массо а хатта мел везарг могаш вуй? Тимарсолта хΙун деш ву?
– Дала дика кхобу, ца дечу гΙуллакхе хьаьжча. Дада а могаш ву, жаΙуй болчу хΙуттуш, дежийлашка бΙаьрг тоха араваьлла ву, цхьана шина дийнахь цΙахь хир ву. Аьстамаран йоΙаца къамел динчул тΙаьхьа саайделла хила везаш волу хьо, доркъана а воьжна ма вогΙу, барт ца хуьлу шуьшиннан? – дуьхе кхиа гΙертара Расу. Дукха хан яра цо Берса тергалвен. Шен цхьана гΙулкхана хьесап дина Ιаш волчу цунна накъост оьшура, ткъа Берсел тешамениг карор ву ала хала дара. Цунна дара тховса а Расус и ларвар.
– Деллахь, Расу, барт хила а, дуьненан къамел дан а новкъарлонаш дукха ю-кх. Аьстамарца гергарло лелон ницкъ бац сан а, я со санначеран а.
– Дера и бакъ-м ду. Делахь а, лиъча далур доцуш, чекхдаккхалур доцуш хΙума дац. Цу хьокъехь хьоьга хьахон хΙума а ду сан…
– ХΙун ду те иза?
– Кхана сарахь соьца цхьана метте вола, дикка хΙонс йожур йолу агΙо карийна суна. ТΙаккха таро хир ю хьан Аьстамаран Эсила хьовх, шовхалан Заза ялон а. Вуьшта, вайшимма лелориг цхьанна а садолчу дегΙана хаа йиш йолуш дац хьуна, – ненаваша хилла хьийзара Расу.
– Суна-м ца хаьа хьоьга хΙун аьлча бакъахьа ду а. Вуно чΙогΙа ахча а ма оьшу суна, амма нехан кхардам а болуш, нехан неΙалта кΙел а воьдуш, да велхор волу даьхни кху вайн горгачу юьрта а ца тарлуш дукха хиларх хьашт ма дац суна.
– ДΙавалахь, Берса, наха-м шайна луъург дийцахьара, кΙезиг гΙайгΙа йора ас церан-м. Ас бохург де ахь, дохковер вац хьо. Хьан накъост хьаха вац цуьрриг а ледара, – Берсин белшах куьг а тухуш, ша-шех тоам хилла велавелира иза.
Берсас ца дийкъира цуьнца и белар, цо тоьхна куьг ца дезош лаамаза егийра белш. Амма дан хΙума дацара. Кхин орца тΙедан гуш меттиг яцара. Шен йохьана тΙе ког а биллина тΙетайра иза Расус бохучунна. Дехха къийсинчул тΙаьхьа кхаьршиннан барт хилира кхана делкъал тΙаьхьа эвла йистехь вовшахкхета. Расун Ιодика а йина готтачу урамехула хьалаволавелира Берса. Буьйса шен рагΙ эцна паччахьалла деш яра дуьненна. Екхначу стиглахь цхьамма комаьршачу куьйгаца дΙасадаржийна жовхΙарш санна лепара седарчий. Гена доццуш къаьстара лаьмнийн гΙаларташ. ГΙийла къуьданаш сегара юьртахойн корашкахь, юрт хΙинца а набарна товжаза яра. Берса шайн цΙа кхаьчча йижаза кхуьнга хьоьжуш яра Кхокха.
– КΙант, хьо ма хьевели, стенгахула лела хьо?
– Шовдан йистехь мехкаршка бΙаьрг а тухуш, эвла юккъехула вола а луш араваьллера, нана. Ахь са хΙунда ца доΙу?
– Со-м гΙел ца еллера. ТΙаккха, кΙант, хΙун боху мехкарша? Аьстамаран йоΙ яйрий хьуна?
– Яйра, нана, хьоьга маршалла а даийтира. Ша кеста схьа а еъна хьо дезарех паргΙатйоккхур ю ала бохура, – Кхокха хьийзайора кΙанта.
– Ахь баккъал бохий? Барт хилин шун? Маца?
– ХΙаъ, хили. ТΙейогΙучу оршот буса. Вуьшта, цхьанна а хаа йиш йолуш дац хан йиллар.
– Ахь ца аьлча ца хууш ю хьуна со! Вай, хьо хаза кхаъ! Бакъ дуй те хΙара? Со паргΙат Ιачохь ма дац тΙаккха, кечам бан ма беза, – цхьана меттехь ца сацалуш дΙасахьийзара хазахетар кийра ца тарлун Кхокха. Ненан самукъадалар гуш ешира Берсин тΙаьххьара шеконаш. Цо сацам бира кхана Расуца ваха.
2
Нохчийчоьнан дозанал тΙех а ваьлла, гуьржийн дазоне ши накъост кхочуш буьйса йоьллера. Ши некъахо паргΙат вогΙура, цаьршимма урх тесна йитина говраш а сих ца луш меллаша йогΙура. Лохха къамелаш дора цушимма. Шимма аьлча а, дуткъа-лекхачу дегΙахь, шуьйра белш йолу говрах дΙаийча санна вогΙавелла вогΙург цхьа наггахь шен некъахочун хаттарна жоп а луш тийна Ιара. Цо ечу ойланийн уьйриг тем боцуш керчара. Хала дара цунна кхана ша дохковер волу гΙулч таса, амма хьо волуш ма лаца ден маж, лаьцча дΙа ма хеца олу-кх, цунна а дайна, ша новкъаваьлла хилча юха ца воьрзуш вогΙура.
– Вайшиъ схьакхечи. ХΙоккхузахь собар дийр ду вай, – цхьана агΙор кΙорга Ιин а долуш, вукху агΙор тΙекхозабелла берд а болуш хьийзаш боьдучу некъо голатухучохь сецира кхуьнан накъост. Говрашкара воьссина, уьш йистехьо а таΙийна, герз кийча дуй а хьаьжна кΙелонна кечвелира Расуй, Берсий.
– Кху новкъа ца веъча кхин ваха меттиг бац цунна. Буьйсанан шозлагΙчу декъехь кхача дезаш ву иза йиллинчу метте, дукха хьежа дезар дац, – Берса дохковаларна кхоьруш къамел дечуьра ца соцура Расу.
Расун дешнаш бакъдан санна дукха Ιан ца дийзира кхеран. ТΙеттΙа гергакхочуш дара сиха йогΙучу говран бергийн тата. Цуьнга ладоьгΙначунна хуур дара бере цхьана мехалчу гΙуллакхе сихвелла вогΙий. Амма цунна некъахьовзам бан кΙелхиъна шиъ а вацара забарна араваьлла. Цхьаъ – шен аьрхалла, кханенна дийца дош дита, шен ницкъ зен араваьлла, ткъа важа – къелло, гΙорасизалло араваьккхина. Башх-башха яра церан Ιалашонаш, амма юьхьарлаьцнарг цхьаъ дара – маьршачу некъахочун некъ бохор. Берса хуьлучун дика дуьхе а кхиале: – Саца, – аьлла дуьхьалваьллачу Расус сацийра некъахо. Юьйлина топ а карахь юххе хΙоьттира Берса.
– Ассалам Ιалайкум, дагахь ца хилла хьеший! Шу лаа леларий? – цецвалар ца лачкъаделира кхара сацийнчу гуьржичуьнга.
– ВаΙалайкум салам! Тхо лаа а, тара а лела. Хьан тхоьца дΙаван дезар ду.
– ХΙунда, стенга бохуш хеттар товш-м дацара, делахь а сан сихалле хьаьжча аша гечдийр хир ду суна. Со ца веъча тарлуш делахь со сайн новкъа дΙагΙур вар-кха.
– Хьо ца веъча тарлуш хилча-м буьйсанан бодашлахь дуьхьал а ваьлла сецор а вацара хьо, – шек воцуш, ша Дала дуьненчу кхоьлличхьана и боцург кхин болх ца бича санна, шен къамел дΙахьора Расус.
– Ткъа вай стенга доьлху хаа мегар дарий?
– Вай тхоьга хьошалгΙа доьлху. Хьан верасаша дешин ахчанца ткъа говран мах охьабиллахь хьо могуш-маьрша цΙа воьрзур ву, ца биллахь – ахь тхуна бехк а ма билла-кх.
Ойлане велира гуьржи. ХΙун дича бакъахьа дара те? ХΙара тховса воьду меттиг чΙогΙа къайлах хила езаш ма яра, амма цхьаъ айкхваьлла, хΙорш ларамза нисбелла бац. Бертахь кхара дΙа а вохуьйтур вац, ткъа хΙара варе хьуьйсуш нах бу, кхунах дозуш ду церан хиндерг. Кхуо къонахчун дош делла церан гΙуллакхе хьажа а, йиллинчу метте ван а. ХΙинца и кΙелдуьсуш лаьтта. Кхуо делларг-м къонахчун дош дай! Ткъа хΙара эла ву, цундела могΙарерчу стаганчул шозза эхь ду кхунна шен дош ца лардича. Кхаьрца юкъара мотт карор бацара те?
– Делахь, вай цхьа барт бича муха хир дара?
– ХΙун барт?
– Аша со кхин хьовзам боцуш дΙавохуьйту, ткъа ас шуна къонахчун, ламанхочун дош ло кхана Ιийча хΙоккху хенахь, хΙоккху меттехь аша доьху даьхни дΙадала, – хΙилла доцуш декара цуьнан аз.
– ХΙинца ахь дуьйцучух а тешна хьо дΙавахийтича, шайн гуьржин элий сакъера вовшах мел кхеттачохь хьуна дийца дош-м дуьту оха. ХΙан-хΙа, ца левойтур охашимма тхаьшшиъ, – ваша а ца вешира Расу. Ткъа Берса вист ца хуьлуш цаьршинга а хьоьжуш Ιара. Иза валлал дохковаьллера кху новкъа ша хΙоттарна, амма хΙинца юхаволийла дацара. Ма-дарра хΙара гΙуллакх хууш хиллехь, мел чΙогΙа ницкъ шена хиларх вогΙур вацара Берса кхуза.
– Ойн, ас дош делча ца теша хьо? – цецваьллера гуьржи.
– Расу, вайшимма кхунна бинарг некъахьовзам бу, дΙавахийта веза хΙара, – къамела юкъавуьйлира Берса.
– КΙант, айхьа хΙун дуьйцу мукъа а хаьий хьуна? ДΙа муха вохуьйту каравеана стаг, кхунах-м да ваххал даьхни лур дай!
– ХΙетте а боху ас. Кхуо вайшинна делларг къонахчун дош ду, иза кхочушдар кхуьнан шен кхиэлехь дуьтур вайша. Ткъа хΙинца хΙара дΙавохуьйту вай, – ша тΙелаьцна топ охьа а ерзийна, – некъ дика хуьлда хьан, хьо маьрша ву, – элира кхуо гуьржичуьнга.
– Сан ваша, ас дицдийр дац ахь суо юьхькΙайчу хΙоттор. Ткъа ас йиллинчу меттехь со ларвелаш, – олуш, цецваьлла Расу вистхила кхиале, шен говр дΙаэккхийтира гуьржичо.
– Ахь динарг! ХΙинца леха хьайна! ХΙаъ, вогΙур ву, дукха дуо-м бузур бац хьуна вайша, – яппарш йора Расус.
– Расу, – вистхилира Берса – цо вайшинна стеган ламанхочун дош ло ма элира ша. Хьо ца теша цунах?
Хьерваьллачу стаге санна хьаьжира Расу шен накъосте:
– Баккъал а тешаш дуьйцу ахь и я сан сатедан дуьйцу?
– Баккъал а тешаш дуьйцу-кх. Ахь кхочушдийр дацара хьайн дош?
– Сайна пайда болчохь дара, боцчохь-м дацара. Дош сан ду лаахь дала а, лаахь юхаэца а.
Шена хезачух ца тешара Берса, ца лаара теша. Муха мегар ду стагана оццул осал, стешха хила. Зудчул а оьшуш ма ву ишта стаг. ХΙан-хΙа, ишттачу стагаца дустар а дина зуда сийдоцчу яккха а ца оьшу, яккха цΙе ян а яц оцу тайпанчу нехан…
Вовшашка кхин вистхилар доцуш цΙехьа некъ юьхьарлецира шина накъоста, кхин вист ца хуьлуш дΙаса а къаьстира и шиъ.
3
Юха а схьахΙоьттира буьйса. Хьалхалеррачу меттехь Ιара ши накъост. Юха а башх-башха яра церан Ιалашонаш. Цхьаьннан – бакъволчу къонахчо шен дош кхочушдеш теш хилар, ткъа шолгΙачун – шен накъостан тешам эрна хилар гар.
ХΙун дохьу те ахь буьйса? ХΙун къайле тарйи ахь хьайна чу? Муьлха толор те ахь – стогалла я стешхалла?
Юха а геннахь хеза говран бергийн тата. Меллаша гергагΙерта иза. ТΙекхочу. Ши накъост гучу а ца волуш дΙатийна. Беттасе серлаяьккхинчу меттехь лаьтта гуьржийн эла. Иза ша цхьаъ ву. Я тΙаьхьа догΙуш хезаш орца а дац.
– Ассалам Ιалайкум, доттагΙ! – бодашкара сехьаволу цкъа хьалха Берса, цунна тΙаьххье Расу а.
– ВаΙалайкум салам! Диканна хуьлда вайн гар!
– ДоттагΙ, баркалла хьуна хьайн дош кхочушдеш кхуза варна, сан накъостан шеконаш яйарна. Дуьне мел лаьтта сий хуьлда къонахийн, – бΙаьрг буьзна вистхилира Берса.
– Шен ницкъ кхочур боцу хΙума тΙелаца а ца деза стага. Суо кхуза вогΙур ца хилча ас эр а дацара. ХΙара ду шуна ткъа говр эццал деши. Шуна кхунах беркат хуьлда, – олуш деши чохь долу тΙоьрмиг дΙакховдийра цо. – КхидΙа вайн некъаш юха а жΙарадовлу. Шу марша лелийла, – говр юха а хьовзийна букъ берзийра гуьржичо.
Цецваларца цхьаьна ша динчунна дохковалар, ша-шех чекхсагар ийначу Берсин ойланаш юкъахъехира Расус:
– Берса, кхузахь цхьа тешнабехк бу, со ца теша иштта атта цо и ахча деъна аьлча, дΙавахийта ца веза иза.
– Цхьа а тешнабехк бац, шен дош кхочушдина оцу стага, цкъа цуьнан некъ боьхкуш дуьхьалваьлла вайша, и ас гечдийр дац сайна цкъа а, кхин керла зулам дан ца оьшу, – сацам боллуш хадийра Берсас.
– ХΙан-хΙа, Берса, ахь хΙуъу бахахь а ас ца вохуьйту иза дΙа, – говра велира Расу.
– Саца, ас Делах дуй буу хьоьга, ма де вайн къомана эхь, – аз айдира Берсас, амма Расуна иза хезаш вацара, генаваьллачу гуьржичунна тΙаьхьахийцира цо шен говр.
– Кхоьллинарг, гечделахь айхьа кхоьллинчу адаман садаккхар, амма и эхь соьга ца дайтало, – олуш Берсас хьажийна топ пханарш а лоцуш кхийтира Расуна. И меллаша говран нуьйра тΙе охьавахара. Тоьпан тата лаьмнашца кхалхадуьйлуш даьржира. ГΙеххьа генаваьлла гуьржи, герз долуш а хезна юхавирзира. Схьакхаьчча велла Ιуьллуш Расу а, цунна тΙехΙоьттина лаьтташ Берса а гира цунна. Цо шегахьа тидира гΙуллакх.
– Ма тамашийна адамаш ду шу! Соьгара-м кхечу къомах ву аьлла даьккхина эр дара и ахча, ткъа вовшийн хΙунда дойу аша цу тΙехула? Шу шинне тоъал ма дара ас делларг. Вовшийн цΙий Ιенош гулбинчу бахамах хΙун беркат хир ду шуна? Цхьаъ велош, важа велхош ма ца лаьтта дуьне. Цхьаьннан бΙаьрхиш тΙехь доьттинчу ирсо дагна хьаам ма ца бо. Маржа кΙант яΙ, цхьа нана елхор ю-кх хьан зуламо.
ХолчухΙоьттина лаьттара Берса. Ткъе кхоъ шо дуьненахь доккхуш тахана санна юьхь яьгна яцара цуьнан. Гуьржичун бехкбоккху къамел кхидΙа лан а ца делла хьалатаьΙира иза.
Леррина, шен шеконна жоп лоьхуш санна хьоьжура гуьржин эла ткъе деалгΙачу шаре вирзинчу, шен аматера къоналлин заза дожа кхиаза, амма дахаро ца хьестарна гΙайгΙанан лар хаалучу нохчочуьнга. Иза цхьана хΙуманна тΙекхиа гΙертара. Кхуьнгахьа гΙо даьккхинарг а, кхуо дош делча тешнарг а хΙара ма вара, накъост а вийна шена пайда леххал ледара волчу стага дийр ма дацара иза. ХΙан-хΙа, цΙе санна богучу нохчочун бΙаьргаш чохь кхерстарг сутараллин суй бацара, холчухΙоттар, дуьненал а боккха эхьан берд шена тΙехаьрцича санна гΙайгΙа, амма ша динарг нийса хиларх цхьа а шеко йоцу сацам гуора царна чохь. Велла Ιуьллучу Расун докъе а, ша юхавирзинчу новкъа а бΙаьрг кхарстийра цо. ХΙаъ, кхин хуьлийла дац, кхунна тешнабехк ца байта вийна нохчочо шен накъост.
– КъинтΙеравала суна, сихвелла хилла со хьесап дан. Со кхийти ахь динчух.
– КъинтΙераваккха везарг хьо ву. Оха хьан некъ бохийна.
– Ма латта, сан доттагΙ, хΙара шен нахана тΙевахьа веза, кхузахь хилларг дΙа а довзуьйтуш. ХΙара гΙуллакх сан карах хилла. Со ву куьгбехкениг, – гуьржичо аьлча, Берса цкъа ца кхеташ хьаьжира цуьнга, юха сихха метта а веъна:
– ХΙан-хΙа, хьайн боцу бехк тΙе а лаьцна хΙаллакьхуьлуьйтур вац вай хьо. Тхо хьуна белхийлах даьхкина дацара. Хилларг сан карах хилла, кхунна герз ас тоьхна, жоп а ас айса лур ду. Хьо хΙара хьайн ахча а эций цΙа гΙуо. Заманан йохалла хΙара эхье гΙуллакх дицдан хьайн ницкъ кхачахь тхуна къинтΙера а вала, хьайн даг чохь тхан къомаца мекха ца хилийта а хьажа. Цхьа наггахь тхо санна долу харц адамаш довларх, нохчий берриг бац ишта. Уьш луларчу къаьмнашца машаре а, тΙе-каре а, шайна тΙевоьссинчу хьешан гΙуллакх дан шайн синош а дΙалур долуш комаьрша а, гΙиллакхе а бу. Некъ дика хуьлда хьан, доттагΙ, – аьлла ахча чохь долу тΙоьрмиг гуьржичуьнга дΙакховдийра цо.
– Иза хьеха а ма де, ший а гΙур ву вайша кхуьнан нахана тΙе, жоп а цхьабосса лур ду, – сацам боллуш дΙахьедира гуьржичо. Дагахь а доцучу кепара юхъхьа баьлла некъ Нохчийчу берзийра цаьршимма.
4
Сатоссуш кхечира гуьржий, Берсий Тимарсолтин кетΙа. Юрт хΙинца а набарха ялаза яра. Цхьаццаннан кертахь наггахь леташ хезаш жΙаьла доцург кхин гΙовгΙа йоцуш тийна дара юьртахь. КетΙахь мохь тоьхна аракхайкхина Тимарсолта ца кхеташ лаьттара буьйсанан хьешашка хьоьжуш. Цуьнан хьажар ша-шаха шен кΙентан докъа тΙехь сецира.
– Хьан? Мичахь? – шинне а тΙе бΙаьргаш буьйгΙира цо.
– Тимарсолта, собаре хилалахь, массарна а тΙе ца хΙоьттича ца долург ду тахана хьоьга кхаьчнарг. Дала гечдойла кхунна. Хьуна Дала ийманца собар а лойла, – вистхилира Берса.
– Воккхастаг, ас дуьйцур ду хьуна тховса а, тховсачул хьалха а хилларг, хьо тидаме хилалахь, – къамела юкъавуьйлира гуьржи а.
– Собаре а хир ву, сих а лур вац, хΙоранна а тΙехΙоттадезарг ду хΙара. Со воьхна хеталахь а гечде суна, хала ду къанвеллачу Ιуьйранна цхьа волу цхьа кΙант лаьтте а кховдийна, кошан борзе хьежа, делахь а ла ца даллал хала дац сан къоьжа корта нахана хьалха охьатеΙон меттиг ца буьтуш хΙара веллехь. Вай кетΙахь хΙумма а дуьйцур дац. Дуьло керта, – шуьйра ков доьллуш хьалхавелира Тимарсолта. Цунна тΙаьххье Расун дакъа а эцна керта воьдучу шина стеган дог Ιаьвжира и дешнаш хезча. Дависа, хьан дог кхоон хьоьга хилларг ма-дарра ца дийца, аьлла хийтира Берсина, амма ца дийцича ца долу-кх.
– Со хΙинца ладугΙуш ву-кх, – ша ладогΙа кийча хилар хаийтира Тимарсолтас.
Вовшашка хьаьжира Берсий, гуьржий. Дан хΙума дацара, шаьшшимма лелийнарг ма-дарра дΙадийцира Берсас. Инзарвуьйлуш ладоьгΙура Тимарсолтас, Берсин дийцар чекхдолуш хаъал хьаьрчина, хебна жимвелира иза. Ницкъ бацара юьхьΙаьржо лан, иза кхийринарг хиллера, къанвеллачуу Ιуьйранна эхь деънера кхуьнан къоьжачу коьртана Расус.
– ЭхΙ, хьо дуьне, темаш ца бо-кх ахь. Ма шера а, аьхна а ца хуьлу-кх аганара воьссичхьана упхи тΙе беш болу некъ, амма цуьнан чаккхенехь бердах вахар ма хала ду-кх лан, – делира цуьнан кийрара. Вехха лаьттира Тимарсолта лаьттан бΙаьра а хьоьжуш, можах ка а хьоькхуш декъазчу ойланийн йийсарехь. ТΙаккха цхьана ирчачу набарх вьлча санна дΙаса а хьаьжна Берсига вистхилира иза.
– Хьада, кΙант, гΙой тхан цΙийнан хьалхара нах а, верасаш а схьакхайкха, юьртан моллига а хаийта.
Кхайкхина схьабалийнчу гергарчу наха дΙалецира Тимарсолтин керт. Массо а вара хилларг ма-дарра хаа лууш.
– КΙант, хΙинца юха дийцал ахь соьга дийцинарг, – омре дара Тимарсолтин аз.
Берсас юха а дийцира хилларг. Йоккхачу уьйтΙа гулделла адам садеΙар а лахдина лаьттара. Массо а Тимарсолтин бΙаьра хьаьжжинчохь вара. Гона юкъавелира Тимарсолта.
– Берса, хьо суна хьалха кхиъна ву, хьан да Ахьма а суна дика вевзара. Цкъа а шегара ледарло ялийтина вацара иза. Дикачу ден хила хьакъ ма-хиллара яхь йолуш, къинхетаме, оьзда кхиъна хьо а, со теша хьох, делахь а, иштта гΙуллакх юкъадеъча тΙаьхьенна дегабаам ца хилийта дуй бууш Ιедал ду. Ас дуй боьху хьоьгара. Айхьа дийцинарг цхьа хьаьрк харц дацара алий дуй баа, тΙаккха маьрша ву хьо.
Моллас схьадеъна охьадиллира Къуръан. Берсас дуйнаца чΙагΙдира ша дийцинарг.
Катоьхна топ схьа а эцна, чохь патарма буй хьаьжна юьйлира Тимарсолтас.
– Зуда, схьайоьл хΙоккхуза.
Еана схьахΙоьттира йоккхастаг. Хьаьжа юккъе нисъеш топ тΙе а лаьцна:
– Зуда, и кΙант хьанна вина ву ахь? – хаьттира Тимарсолтас.
Кхераелла, гΙа санна эгайора йоккхастаг, ши бΙаьрг къаьрзинера, цхьаъ ала гΙерташ санна вовшахъеттара бага.
– Яла дийций, хьанна вина ву ахь и кΙант, ас Делаца чΙагΙо йо хьуна хьо йист ца хилахь и хьан са парт-аьлла схьаэца.
Тап-аьлла ладоьгΙура гулбеллачара. Царна дуьххьара гуш дара хΙокху тайпана сурт. Я церан дайшна гина хир ду ала а ца хаьа. Гора юьйжира йоккхастаг.
– Гечдехьа суна, галъяьлла хилла-кх со, гечдехьа суна, – бохуш йоьлхура иза.
– Хьанна вина схьадийца, – эгΙийча санна тΙечехара Тимарсолта.
– Вайна йолах жа дажон баьхкинчу жаΙуйх цхьаьнца уьйр еанера сан, цуьнан ву и кΙант, – аьлла ша йолчохь дΙакерчира самалделла йоккхастаг. Карара топ охьа а кхоьссина:
– Цхьанхьа лаьттах таΙаде и жΙаьла, сан керта тезет а ма хΙоттаде, кадамаш бан нах а ма хΙиттийта, сан кΙант хила а ца хилла, – аьлла бешахь къайлавелира Тимарсолта.
– Дика ладогΙалахь, хΙай гуьржин эла, – гонна юкъавелира ТимарсолтагΙеран цΙийнан хьалхара стаг. – Оха дукха зен хуьлуьйтур дара тхайна, хьо тховса хΙара бохам Ιоттабелла а доцуш, цхьана дикчу балхана веана, веза хьаша вина тΙеоьцуш хилийта. Амма хилла-кх хΙара. Тхо чΙогΙа юьхьΙаьржа ду хьуна хьалха. Дин цхьаъ цахиларх, цхьана ломахь кхиъна, лулахь дехаш, цхьатера гΙиллакхаш долуш ду вай. Тхан къоман эхь ду тешнабехк, ямартло яр, ишшта эхь ду и шун а. ЦΙена цΙий а, бийца дай а болчо иштта хΙума дан йиш яц. И иштта хилар вайна гучу а дели. Дала гечдойла кхунна. Дала собар кхуьнан дена а лойла. Хала ду валарчу вирзинчу хенахь сий дайна хан такха. Делахь а, вай адамаш ду. Ваьшка эцалучу кепара Тимарсолтин дог оьцуш бала байбан хьовсур ду вай. Ткъа хΙинца ма Ιе, велларг дΙаволла гΙайгΙа бан беза.
Меллаша, цхьацца-шишша бовлуш дΙасабевлира баккхий нах, цкъа хΙинца уьш севцча а Тимарсолтина хила гΙоли яцара, хено бен ерзор яцара цунна хилла чов. Ткъа кегийрхой велларг дΙаволла кечам беш дΙасахьаьвзира.
***
ХΙокху дийцар тΙехь хилла гΙуллакх цкъа мацах вайн лаьмнашкахь хилла ду. Халахеташ делахь а, нислуш хилла-кх вайна юкъахь и тайпа кхачамбацарш.
Амма кху дийцаро жоп ло бийца дай а болуш, бакъволчу ламанхочо дийр дац эхьениг бохучунна. Шина адаме болчу безамо – шен неней, шайн къоначу юьртахочуьнгий – царна хазахетар дан лааро воккху вайн дийцаран турпалхо харцновкъа воьдучу Расуна юххе. ТΙейогΙучу ханна а масал хуьлу цунна и гΙуллакх. Цунна олуш ду: «Хьалха хьажий бен ког ма баккха, тΙаьхьа хьажий бен дош а ма ала». Пайда бац даьхни мел дукхарх, нахана хьалха корта охьатеΙо дезаш хилча, хьарамчу бахамал, хьанал къоьлла тоьла, – аьлла дерзийра Дадас шен хабар. Цхьана ханна тийналла хΙоьттира чохь. Дада шен къамел ас тΙе муха лаьцна хьоьжуш дΙатийра, ткъа со ойланца хΙинца генна дΙаяханчу заманчохь яра, со цигахь хиллачун теш хилча санна хетара…

Петирова ПетIамат нохчийн кхузаманахьлера байтанча ю. Иза 1982-чу шеран чиллан-беттан 12-чу дийнахь Элистанжа юьртахь дуьнен чу яьлла Петирова ПетIамат. Циггахь кхиамца чекхъяьккхина юккъера школа. Доьшуш йолуш тасаделла цуьнан литературица гергарло.Лакхарчу классашкахь доьшуш йолуш йолаелла байташ язъян. Юккъера школа кхиамца чекхъяьккхина яьлча, Нохчийн Республикин пачхьалкхан университетан филологин факултет чекхъяьккхина. 2006-чу шарера 2008-чу шаре кхаччалц «Книжни издательствехь» болх бира ПетIамата. ХIинца «Исламан зIаьнарш» цIе йолчу республикин газетехь коьртачу зорбанчан болх беш ю.

XS
SM
MD
LG