ТIекхочийла долу линкаш

Клинтон ХIиллари кхаьжнийн дукхаллехь толам боккхуш ю


Клинтон ХIиллари, Нью-Йоркехь, Лахьан-беттан 9-гIа де, 2016

Клинтон ХIиллари, Нью-Йоркехь, Лахьан-беттан 9-гIа де, 2016

Харжамхоша тесинчу кхаьжнийн дукхалла бен чоьте оьцуш ца хилча, Клинтон Хилари тулур яра кху харжамашкахь. Шатайпа Iамеркан харжамийн чолхе система ю иза президентан харжамашкахь эшийна хиларна бехке.

ШолгIа кIира ду Трамп Доналд Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент хаьржина. Иза президент харжаро гIадбахийтина цхьаболу Iамеркан бахархой, ткъа вукхарна дилла меттиг боцуш халахетийтина. Тахана а цхьайолчу Iамеркан гIалашкахь Трампана дуьхьал кхаж тесна наха протесташка арабуьйлу.

Масех де хьалха санна дукха бацахь а, шаьш реза дац гомофоби а, исламофоби а, расисти а дуьненехьежам болу стаг демократин пачхьалкхан президент хIотторна, бохуш шайн хьежам маьрша дIабовзуьйту цара цу протесташкахь. Протестхой саготта бу Трампа бусалбачу нехан, латинхойн а бакъонаш талхор хиларна.

Цхьаболчарна иштта го Трамп, ткъа цунна кхаьжнаш теснарш цо Iамеркан экономик кхиор ю, аьлла тешна бу. Протестхой хилар а, цара шайн дог-ойла дIахаийтар а вон хIума дац, аьлла терго йина царах Трампа шен твиттерехь масех де хьалха.

ХIинца министрийн кабинет вовшахтухучу Трампа дIахьедар дина шен агIончашка расизм а, цабезам а ма баржабе бохуш. Кху харжамашкахь, кIайн нах лаккхара раса хета боламийн декъашхой бу Трамп тоьлла хиларна иракарахIиттина.

Царах цхьаъ, Ку Клакс Клан, Трамп толар даздан дагахь ю тIебогIучу беттан 4-чу дийнахь Къилбседа Каролинехь. Цу дийнахь оцу тобано парад дIаяхьа лерина хилар хIинцале емалдина Трампа а, цуьнан президентан кампанин дIаяьхьанчу декъашхоша а.

Цу расистийн тобан Трамп толарх самукъадаьллехь а, тахана дечу къамелашкахь а, интернетехь а Iамеркан бусалба нах гIайгIане боьжна хилар бIаьрла гуш ду.

Харжамийн кампанехь Трампа ша бусалба нах чубитар доьхкур а ду, Iамеркерчу бусалбачу нахана Iедало тIехь латтон Iуналла чIагI а дийр ду, бохуш дIааларш кхочушдийр дуй техь цо бохучунна бу уьш саготта.

Бусалба парзаш лардеш а, ткъа шо сов кху махкахь вехачу Гаджи Садулаев ца теша Трампа бусалбчу нахана Iаткъам бийр бу бохучух:

Суна хетарехь бийр бац. Иза юккъерчу классан кIайн Iамерканхошна тIеIаткъам бан гIоьртира. Царна бусалба нах санна, кхин болу эмигранташ а ца беза. Царна юкъахь хаалуш бу Ку Клукс Кланан а тIеIаткъам. Царна жуьгти а ца беза.

Хетарехь цо бусалба нах бен ца хьахор иза цуьнан хIилла дара. Харжамашкахь ша бусалбачу нахах лаьцна дийцинарг цо хIинца ца дуьйцу. Нахе шена кхаьжнаш тасийтархьама динера цо и къамелаш.

Харжамаш чекхбевллехь а, маситта де хьалха цу харжамашкахь наха тесна кхаьжнаш дагардар хIинца а чекхдалазза ду. Ала догIу, Iамеркехь шатайпа система ю президент харжар. Цу системица а догIуш, хIора штатана билгалдаьккхина ду кхаьжнийн терахь.

И терахь доьзна ду цу штатехь дехачу адамийн дукхаллица. Цу системах "харжамийн колледж" олу. Масала, Калифорнин 55 кхаж бу, Нью-Йоркан 38, ткъа Вайоминган 3 бен бац. Ала дашна, Нью-Йоркехь тоьллачу кандидатана лору 38 кхаж, ткъа Вайомингехь тоьллачун – 3. харжамийн колледжан системехь 538 кхаж бу, царах 270 кхаж оьшу президент валархьама. Цу харжамийн колледжан системица цхаьна а догIуш, толам баьккхина Трампа.

Харжамийн колледжан системехь Клинтон ХIиллари эшийнехь а, цкъачунна дагардинчу кхаьжнаша гучудаьккхинарг эшаман къаьхьа чам бевзинчу ХIилларина синтеме терахь ду: цунна Трампана тесинчул 1, 232, 214 миллион сов харжамхочо кхаж тесна.

Ала догIу, харжамийн колледжан системехь эшийна волчу кандидатана тесна бацара оцул дукха кхаьжнаш кху пачхьалкхан историн йохаллехь. 16 шо хьалха Гор Албертана а теснера Буш Джорджана тесинчул ах миллион сов кхаж.

Иза а ийшира Бушана харжамийн колледжан системехь. Кхул хьалха кхин а кхузза хила хIума ду и Iамеркан исторехь, амма оцул дукха харжамхоша духьал кхаж теснешшехь, Трамп президент ваккхар дуьххьара хир долуш ду Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь.

Президентан кампани дIахьочу хенахь, Трампа дIахьедира ша чIогIа реза хир вара колледжан систем дIа а яьккхина, наха алсам кхаж теснарг президент хоржуш хилча, аьлла. ХIинца наха шен оппонентан алсам кхаьжнаш теснийла хиъча, шен цу системах хьалха хилла йолу ойла ца хийцина цо. Иштта юха а цунах шен ойла йовзийтина цо шен твиттерехь:

“Со тоьлла аьлла сайн ойла хийца дагахь вац со. Суна луур дара алсам кхаьжнаш теснарг тулийла.”

Кхаьжнаш хIинца а дагардина ца девллехь а, хIора дийнахь Iорадуьйлучу терахьаша тоьшалла до цу шинна кандидатах алсам Iамеркан харжамхоша Клинтон президент яккхаре сатийсина хилар.

ХIилларина шел тоьллачу Трампана тесинчул кхаж тесинчу харжамхойн дукхалла а ю кху пачхьалкхан ши бIе сов историн иэсехь цкъа а ца хиллачу кепара лекха. Цу хаамо мелла а дог эца там бу кху президентан харжамашкахь эшийна лоручу Клинтон ХIилларин.

Facebook Forum

XS
SM
MD
LG